Чулацаман тӀегӀо

Цийн Халкъан Республика

32°48′ къ. ш. 103°05′ м. д.HGЯO
1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Зорбанан версис кхин гIо ца лоцу, таро йац кечаман гIалаташ латто, карлайаккха браузеран йукъайиллинарг, лелайе цуьнан меттана зорбатохаран браузеран функци сецначул тIаьхьа.
Чийн Халкъан Республика
ций. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó
ций. 中华人民共和国
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Цийн Халкъан Республикин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 1949 шеран 1 октябрехь
Официалан мотт Цийн[1]
Коьрта гӀала Пекин
Йаккхий гӀаланаш Чунцин, Тяньцзинь, Шанхай, Пекин, Гуанчжоу
Урхаллин тайпа социалистически (коммунистически) республика
Председатель,
ЦК ККП секретарь
Председателан гӀовс
Госсоветан Премьер
Председатель ВСНП
Председатель НПКС
Си Дзиньпин[2]

Ли Юаньчао[3]
Ли Кецян[4]
Джан Дедзян
Дзя Цинлинь
Латта
 • Шадерг 9 596 960[5] км² (3-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 3,8
Бахархой
 • Мах хадор 1 349 585 838[6] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2013) 7,318 трлн.[7]
 долл.
 • ХӀораннан а сина 6,569[8] долл.
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг 12,383 трлн.[9] долл.
 • ХӀораннан а сина 9 828[9] долл.
АДКИ (2013) 0,699[10] (йукъара; 101-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш китайш
Ахча юань (женьминьби) (CNY, код 156[11]
Интернет-домен .cn, .中国, .中國, .公司, .网络
Код ISO CN
Код МОК CHN
Телефонан код +86
Сахьтан аса +8
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Цийн-мохк (ций. 中國, 中国, : Zhōngguó, : Чжунго), официалан цӀе — Цийн Халкъан Респу́блика (ЦХР) (ций. 中華人民共和國, 中华人民共和国, : Zhōnghuá Rénmín Gònghéguó, : Чжунхуа Жэньминь Гунхэго) — Малхбален Азин социалистийн пачхьалкх йу.

Дуьнен тӀехь уггаре а дукха халкъ долу пачхьалкх йу (1,36 млрд гергга[12], дукхаха долу къам — этнически цийш бу, шайн цӀе — хань йолуш); кхоалгӀа меттехь йу шен майданца, шелла а дукха латта Российхь а, Канадехь а бен доцуш.

Йоккха пачхьалкх йу, потенциалан онда пачхьалкх йу, экономикин онда пачхьалкх йу, КЪЦКХ-н Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а йолу декъашхо йу. Дуьненахь космосан белхан пачхьалкхехь коьртехь йолчарех цхьаъ пачхьалкх йу, ядеран герз ду, дуьнен тӀехь уггара доккха эскар а ду.

2010 шарахь цийн экономика хьалха йаьлла японийчул а, номиналан ЧВГӀ-ца дуьненахь шолгӀа экономика хилла[13]. 2014 шеран декабрехь дуьйна йу дуьненахь хьалхара экономика ЧВГӀ-га диллича[14]. ЦХР йу дуьненахь дукхаха йолу индустрин гӀирсашдарехь хьалхе лелош, цу йукъахь автомобилаш йар а, уьш йохкайаларехь а. Дуьненан йоккха экспортёр («дуьненан фабрика») йу иза. Дуьненахь уггара а дукха дешийн-валютан резерв йу.

Цийн-мохк дуьненйукъара кхоллараш йукъах бу: КЪЦКХ, ЙГӀА (АТЭС), G20, Дуьненайукъара йохкэцаран кхоллар (ДЙКХ; 2001 шеран декабрехь дуьйна[15]), кхин тӀе ШОС а, БРИКС а.

1949 шарахь Цийн Халкъан Республика дӀакхайкхичхьана Ӏедалехь йолу партии Цийн Коммунистийн парти (ЦКП) йу.

Истори

Чжунго «Йуккъера пачхьалкх» — Цийн шайн цӀе

Цийн истори шатайпа бесбесара шира тептаршкара схьаэцна йу, и тептарш а, археологин карийна тоьшаллаш а цхьана тоьхча, меттахоттало политически дахар а, социальни кхиамаш а, кӀорггера шира заманчура дуьйна. Шира Цийн динан-философин а, историн а чулацам болу, динехь деза лерина долу тептарша, — Конфуцийн Ӏилма дуьйцурш шатайпа — цийн цивилизаци кхин дӀа кхоллайаларна а, цийн къоман дуьнегарна а гӀодора.

Конфуций заманахь дуьйна Цийн цивилизацийн хӀора стагана аматехь йара лакхара социальни а, политикин а жигаралла, иза хьажийна йара дуьненахь ирс, аьтту хилийта — цу тӀе къадар делера а цахуьлийтара цара, ткъа шайн ницкъашца кхоьллина лорура.

Цийн цивилизаци — дуьненахь уггаре а шираниг йу. Цийн Ӏилманчаша[муьлханаш?] дийцарехь, цуьнан хан пхи эзар шо хила мега, цу тӀе долуш долу йазбинчу бух тӀехь дӀакъовлу мур 3500 шо сов. Генара заманара йолу административан урхаллин система, хийцалушйолу династешца туолуора, дуккха а тӀехьабисинчу лулахой-даьхнашца лелашболчаьрца а, ламанхошца а дуьстича, церан экономика лаккхара латталелоран бух тӀехь лаьтташ йара, цуо гушболу аьттонаш бора цийн пачхьалкхана. Кхин а чӀагӀйелира цийн цивилизации Конфуцийн идеологи пачхьалкхан идеологии (I бӀешо вайн эрал хьалха) йаро а, йозан цхьа система хоттайаро а (II бӀешо вайн эрал хьалха).

Боккха Цийн пен

Политикин агӀора хьаьжча Цийн-мохк масех эзар шарахь чекхбелира йух-йуха хийцалуш болучу политикин цхьааллин а, къастаран а муьрашкахула, цхьацца хенахь цхьа дакъа йа шаболу мохк кхечу пачхьалкхийн дакъа хуьлура (масала, Юань империи а, Цийн) импери а. Цийн-махкана сих-сиха арахьара тӀелетара, амма дукхаха болу тӀелетарш хьалха, йа тӀехьа ций хуьлий цийн этносах дӀаиэлора, ткъа церан пачхьалкхан латта дукхахьолахь Цийн-махкана йукъатохура. Таханалера цийн пачхьалкх а, халкъ а дукха бӀешерашкахь гонахьара дуккха а долу азин къаьмнашца (дукха миллионаш адамаш иэлуш, бӀешерашкахь хань къомо ассимиляци йина) оьздангаллин а, политикин а дӀаиэдаларан, уьйранаш латтайаран жамӀ ду. Цу тӀе лара деза, цийн историйийцаро йукъайалайо кхечу къаьмнийн йозуш йоцу пачхьалкхаш (монголийн а, маньчжурийн а) Цийн-махкан династийн терхьийн историн йукъа, оцу къаьмнийн шайн историн Ӏадаташ тергал а цадеш, церан пачхьалкхаш Цийн-мехкан дакъош долуш санна.

Цийн эскарийн тӀом гӀоьвттанчу Мяошца
Тайпинийн гӀаттам
Япон-цийн тӀом 1894—1895
Цийн историн Ӏилмано тӀеиэцна йоцца терхьийн таблица,
Шераш Пачхьалкх (династи)
Вайн эранал хьалха
2353 в. э. хь. — 2255 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Яо
2255 в. э. хь. — 2205 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Шунь
2205 в. э. хь. — 1766 в. э. хь. Туьйранашкахь вуьйцу куьйгалхо Ся
1766 в. э. хь. — 1122 в. э. хь. Шан-Инь династийн Ӏадат хилла терахь
1122 в. э. хь. — 249 в. э. хь. Чжоу династийн Ӏадат хилла терахь
221 в. э. хь. — 206 в. э. хь. Цинь династийн Ӏадат хилла терахь, цийн къоман пачхьалкх кхоьллина хан
206 шо в. э. хь. — 220 в. э. Хань династийн Ӏадат хилла терахь
(оцу йукъахь Малхбузен Хань — 206 в. э. хь. 25 в. э. кхаччалц,
Малхбален Хань — 25 — 220 в. э.)
Вайн эра
220—264 Вэй династи, Кхаа пачхьалкхан зама
265—420 Цзинь династи (Малхбузен Цзинь: 265—316, Малхбален Цзинь: 317—420)
420—479 Къилба Сун династи
479—501 Ци династи
502—556 Лян династи
557—588 Чэнь династи
581—618 Суй династи
618—917 Тан династи, цийн оьздангаллин «Дешийн бӀешо»
907—959 Пхеа династийн а, итт пачхьалкхан а зама
960—1279 Сун династи, ЙуккъерабӀешерийн экономикин дахаран лакхара айам
1280—1368 Юань династи (монголийн)
1368—1644 Мин династи
1644—1911 Цин династи (маньчжурийн)
1912—1949
(Тайванехь — таханаллац)
Цийн Республика
1949 ш. 1 октябрехь дуьйна Цийн Халкъан Республика

Цин династи

Юьхьанца династех «Цзинь» (金 «деши») олура, Цзинь империи цӀарах — хьалха шайха маньчжураш бевлла йолу чжурчжэни хиллайолу пачхьалкх. 1636 шарахь цӀе хийцина хилла «Цин» (清 «цӀена») аьлла. XVIII бӀешера хьалхарчу декъехь цинийн куьйгалхойн аьтту белира пайдехьа нисдан пачхьалкхан куьйгалдар, оцу белхан цхьа жамӀ ду оцу бӀешарахь уггара чехка темпашца айаделира Цийн-махкара халкъ дебар. Цинийн гуоно лелайора ша дӀакъастаран политика, тӀехьа XIX бӀешарахь Цин империн йукъабогӀуш хилла Цийн-мохк нуьцкъала дӀабиллира Малхбуза пачхьалкхаш.

ТӀехьарлера Малхбуза пачхьалкхашца долу гергарлонаш аьтту бира династийн Тайпинийн г1аттамах кӀелхьарайала, гӀеххьачул аьттонца модернизаци йан, ткъа иза бахьанехь XX бӀешераш доладаллац латта, амма иза бахьана дара маньчжураш цабезар айадалар.

XX бӀешо

Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедина тӀиера XX бӀешерийн хьалхарчу декъан Цийн-мехкан шен карта

1900 шеран майхь Цийн-махкахь болабелира боккха гӀаттам, цунна цӀетиллира боксёрийн, йа Ихэтуанан гӀаттам. 1900 шеран 21 июнехь Цыси паччахьо Йоккхабританина, Германина, Австро-Мажарийна, Францийна, Италийна, Японана, Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташна, Российна тӀом кхайкхийра. Йаккхий пачхьалкхаш резахилира бертахь доьхьало йан гӀаттамхошна дуьхьал.

1904 шарахь 8 февралехь болабелира Оьрсийн-японин тӀом Манчжури а, Корей доладархьама. Цийн-махкан дозан тӀехь бодара тӀом, Российна чӀогӀа аьтту боцуш а бара иза: оцунан жамӀашца Российно дӀаелира Японан Порт-Артур а, Ляодунски ахгӀайре а, цу тӀехь бинчу цӀерпоштнекъийн цхьана декъаца ЦМЦ1Н. 1908 шарахь 14 ноябрехь Цыси паччахьа хьалхо Ӏедалера дӀаваьккхина волу Гуансюй паччахь велира. Гуансюйна дӀавш теснера, хӀунда аьлча Цысина цалаара иза шелла тӀаьхьавуьсийла. ШолгӀачу дийнахь елира Цыси а. Паччахь хоьттира ши о долу Пу И. Цуьнан доладеш волу регент хоттийра цуьнан да эла Чунь.

1910 шарахь Японис дӀалецира Корей.

1911 шарахь Цийн-махкахь болабелира Учанан гӀаттам. Иза йоьхьиг йара Синьхайн революцин (1911—1913), жамӀ дара маньчжурийн династии кхоссар. Цийн импери йуьйхира, дӀакхайкхийра Цийн республика кхоллар.

Монархи йоьжначул тӀехьа, Монголин Богдо-хан республикин куьйга кӀел ца веара, цуо кхайкхийра, шен пачхьалкхо маньчжурийн династин суверенитет къобал йора, ткъа Цийн республикин ца йо аьлла. 1912 ш. 3 ноябрехь бартбаран кехат хоттийра Монголино Российца. Цийн-махкахь йукъара къийсамаш беш Ӏашшехь, Ингалсо Тибетехь шайн позицеш чӀагӀйира, уьш гӀевттира къам мукъадаккхаран къовсаме, Цийн гарнизонан арайала йийзира пачхьалкхера. Оцу хенахь дуьйна Цийно Тибет дӀалацалц, иза йозушйоцу пачхьалкх йара. Росси резахилира Тибет Ингалсо доладо мохк лара, ткъа Ингалсо лерира оьрсийн Ӏалашонаш йозашйоцучу (Арахьара) Монголи.

1912 шеран 12 февралехь Пу И паччахьа Ӏарш дӀаелира. Ӏедале веара инарла Юань Шикай — премьер-министр а, эскаран коьрта эмир а. Кестта иза дӀакхайкхийра Цийн президент.

1913 шарахь хилира «ШолгӀа революци» коьртехь Сунь Ятсен а волуш. Юань Шикайс охьатаӀийра къаьстина лела гӀовттамхой йуккъера а, къилбехьара а провинцешкахь. Пачхьалкхехь дӀахутту Юань Шикайн тӀеман диктатура, иза ву бэйянски (къилбаседера) милитаристийн тоба кхоьллинарг. Сунь Ятсена дийзира дозанал аравала.

Хьалхара дуьненан тӀом болабелча цийн правительство кхайкхадо шеш нейтральни хилар, доьху тӀемаш дечу агӀонашцка Цийн дозан тӀе тӀом цабаккхар, оцун декъахь ду аренде схьэцна латтанаш а. Амма 1914 шеран 22 августехь Японо кхайкхийра шеш Германица тӀеман хьолехь хилар, Шаньдун провинцехь немцойн колонин центр йолу Циндаон къилбаседехьа охьадоссийра 30 эзар долу эскар. Шина беттан тӀеман кампанехь Японо дӀалецира Шаньдунехь германин латтанаш, иштта куьйга кӀелалецира шайолу провинци.

1915 шарахь цийн принцаш кхажтосу Цийхь монархи хоттайарехьа паччахьан Ӏарш тӀехь Юань Шикай волуш. Парламент дӀасахоьцу. Кхайкхадо Цийн импери кхоллар. Иза бахьанехь могӀа гӀаттамаш хуьлу Цийн провинцешкахь. Пекинах йозуш цахилар кхайкхадо Юньнань, Гуйчжоу, Гуанси провинцеш. Царал тӀехьа дӀакъаьста Гуандун, Чжэцзян, Сычуань, Хунань.

1916 шарахь 22 мартехь республика меттахоттийра. Юань Шикайн дарж охьадилла дийзира.

Юань Шикай веллачул тӀехьа Цийхь кхоллабала буьйлабелира, тайп-тайпана милитаристийн тобанийн, дуккха а тӀеман-феодальни мехкаш. Уггара йоккханиг йара бэйянийн тоба, тӀехьа йекъайеллайолу фынтянан тобане шен куьйгаллехь хьалха хунхузийн жоьлкийн тобан корта Чжан Цзолинь волуш, чжилийн тобане коьртехь инарла Фэн Гочжан волуш, аньхойн тобане коьртехь инарла Дуань Цижуй волуш.

Фэнтянан тобан карахь йара Хэйлунцзян, Гирин, Фэнтянь провинцеш, чжилийн — Шаньдун, Цзянсу, Чжэцзян, Фуцзянь, Цзянси, Хунань, Хубэй провинцеш, Чжили провинцин дакъа а. Фэнтянан а, аньхойн а тобанашна финанс латтадора Японо, чжилийн — Ингалсо а, Америко (АЦШ) а. Ли Юаньхун вара къилба-малхбузан милитаристаш хоттийна. Вице-президент инарла Фэн Гочжан Ингалсан а, Америкин (АЦШ) а новкъа вара, ткъа премьер-министр инарла Дуань Цижуй лаьттара японан агӀора. 1917 шарахь Япон Дуань Цижуйн даккхийра декхарш дала йолайелира, царех керл-керла агӀонаш йуьтуш, оцу декъахь Маньчжурера концесси а.

1912 шарахь Гуанчжоу провинцехь кхоьллира Гоминьдан парти. Иттех шо даьлча, 1921 ш., кхоьллира Цийн Коммунистийн Парти, декъашхой кӀезиг а болуш, оцу хенахь башха лераме а йоцуш. 1924 ш. 20 январехь дӀабаьхьира Гоминьданан Шайолу цийн I гулам Гуанчжоухь. Гуламехь цийн коммунисташца а, Советийн Социалистийн Республикийн Союзаца (ССРС) а гергарлонан некъ тӀеийцира. 16 июнехь кхоьллира ТӀеман академи Вампу куьйгаллехь Чан Кайши а волуш. Хьалхара дӀаиэцарехь схьаийцира 400, шолгӀа — 500, кхузлагӀа — 800, ткъа доьзлагӀа — 2600 гергга ладогӀархо. Вампу академие йеара советийн тӀеман хьехамчийн йоккха тоба. 1924 шеран октябрехь тӀеийцира Цийн Конституци — законаш кхолларан меже хилира Сенатах (хоржура 6 шаран меттигерчу Ӏедалан урхалло) а, Депутатийн Палатех (хоржура халкъо 3 шаран) а лаьтташ йолу Парламент, ткъа пачхьалкхан корта Президент, харжара Парламенто 5 шаран. Кхочушдаран меже Премьер-Министрах а, министрах а лаьтташ йолу Кабинет йара, ткъа уьш хиттабора Президенто Депутатийн Палатийн пурбанца, лакхара суьдан инстанцией — Лакхара Суд йара, цуьнан председатель хоттавора Сенатан пурбанца, меттигера Ӏедалан законаш кхолларан меже — бахархоша хоржу гулам бара, меттигера Ӏедалан кхочушдаран меже — бахархоша 4 шеран хоржу административан советаш дара.

1926 шеран мартехь Чан Кайшис Кантонехь тӀеман харцам бира, гӀалара коммунисташ лаьхкира, ткъа кхоъ бутт баьлчи хаьржира Гоминьданан председатель а, тӀеман ницкъийн коьрта эмир а. Лакхара дарж даьккхина, Чан Кайшис рейхсверан инарла хиллаволу фон Сект коьртехь а волуш немцойн хьехамхошка кхайкхира.

1926 шарахь Чан Кайшин Цийн Къоман-революцийн эскаро Къилбаседехьа лелар олуш болу тӀелатарш дира. Йалх баттахь цасоццуш тӀемаш бича меттигерчу тӀеман куьйгалхойн Ӏедалах мукъайаьхнера Цийн йуккъара кӀошташ.

1927 шо долалуш Чан Кайши вуьйлира ГМД а, ЦКП а цхьанатоьхна фронт цалечкъош йохо: цуьнан эскарш дуьйладелира герз дӀадаккха шанхайн тобанашкара а, гӀайранашкара а. Дуьйладелира тобанашкахь нах дӀалецар, профсоюзийн кортош а, коммунисташ а байар. Цунна доьхьала коммунисташ 1 августехь Наньчан гӀалахь гоминьданан эскаран цхьана декъан гӀаттам бира, иза Цийн истории йукъа бахана «Наньчанан гӀаттам» аьлла.

1927 ш. декабрехь Кантонехь айира коммунистийн гӀаттам, иза гоминьданхоша охьатаӀийра деа дийнахь цӀи Ӏанош тӀемаш бинчул тӀехьа.

Масех тӀеман операци йинчул тӀехьа 1927 шере гергадахача Гоминьданан эскаро доладешдара Цийн доккхаха долчу декъан тӀехь.

1931 шарахь гуьйрана Япон Цийн тӀелетира. 18 сентябрехь цхьа могӀа йамартлонаш йина японаш тӀелетира, йоццачу хенахь дӀалецира Манчжури. 1932 ш. мартехь кхузахь дӀакхайкхийра Маньчжоу-Го пачхьалкх, коьрте хоьттира тӀаьххьара маньчжурийн Цин империн паччахь хиллаволу, Синьхайн революци йолуш дӀаваьккхина волу Айсиньгёро Пуи.

Оцу халачу хенахь цхьанахенахь кхаа мостагӀца тӀомбан бийзира Чан Кайшин: арахьара японан агрессица а, меттигашкара цхьаболу милитаристийн спорадически гӀаттамашца а, пачхьалкхехь Ӏедал дӀалаца герга болчу ЦКП тӀеман ницкъашца а. Цуо хаьржира японашца компромиссан политика, милитаристашца гӀуллакхаш леладора тароне хьаьжжина, коммунисташца цхьан а компромисс хуьлийла йацара. 1934 шарахь ЦКП коьрта ницкъашна гуо бира Цзянси провинцехь. Оцу гуон йукъара ЦКП куьйгалло аьтту белира арабовла, масийтта баттахь некъ бина эскар пачхьалкхан Къилбаседа-Малхбузе далийра. Цунах олура «башха кӀошт», коьрта гӀала Яньань йара; и хилла хӀуманаш ЦКП историна йукъа дахана «Боккха некъ» аьлла. Чан Кайши дагахь вара цигахь а коммунисташца тӀомбан, ткъа оццахь бунт гӀаттийра цуьнан цхьа могӀа инарлаш, царна гӀолехь хетара коммунисташца берта а бахана, цхьана японан агрессица тӀомбар. «Сианан инцидентан» жамӀашца барт хилира ЦКП а, Гоминьданан а цхьанатоьхна фронт йан.

Чан Кайшин Правительствон Веймарски республика хенахь дуьйна кхочура тӀеман гӀо Германера. Ӏедале Гитлера веъча гӀо алсамдаьккхира коммунисташца тӀом байтархьама. Цийхь лицензии йолу немцойн герз деш заводаш йира, германийн хьехамчаша Ӏамабора белхалой, Ций чукхоьхьура шлемаш, Gewehr 88 а, 98 олу винтовкаш, Mauser пистолеташ. Цийн кхочура кӀеззига Henschel, Junkers, Heinkel, Messerschmitt кеманаш, Rheinmetall а, Krupp гаубицаш, танкандуьхьал а, ломан а йаккхийн тоьпаш, масала, Pak 35/36, латтайора кхин а PzKpfw I олу йай танканаш.

1936 шарахь 25 ноябрехь Японо а, Германис а Антикоминтерновски пакт олу барт бира, иза ССРС а, коммунизман гӀуллакхна а дуьхьала бара. 1936 шеран 12 декабрехь хилира Сианан инцидент, цуо Чан Кайши коммунисташца берта вахавизийтара.

1937 ш. 7 июлехь Пекинан уллорчу Лугоуцяо тӀай долчохь хилла дардацар бахьанехь Японан а, Цийн а йукъахь «боккха» тӀом болабелира. Оцу меттигара, цийн историхошна моттарехь, болало Шолг1а дуьненан т1ом. 1937 шеран 21 августехь тӀеэцна Советийн-цийн вовшашна тӀецалатаран барт, цул тӀехьа ССРС йолайелира Чан Кайшин правительствон тӀеман а, экономикин а гӀодан (Цийн латтадора И-16 кеманаш а, кхин тӀеман техника а, дуьхьанца Цийн агӀора тӀомбеш советийн лётчикаш а бара). Цийн Германийн тӀеман гӀо сацийра.

1949 ш. ЦКП тӀеман ницкъаша толам баьккхира Цийра граждански тӀамехь, цу тӀе Гоминьдане ларлура дара шайн Ӏедал шегга — АЦШ гӀо а доцуш, ткъа «Цийн Компартин шайн аьтту бацара Ӏедал тӀемаца дӀалаца, уьш тӀетижира Советийн Союзна»[16]. АЦШ доккха тӀеман гӀодора Гоминьданан, цу йукъахь чогӀа дукха танкаш. 1949 шарахь болх дӀаболира Цийн халкъан политикин консультативни совето, цуо дӀакхайкхира Цийн Халкъан Республика, хаьржира Центральни Халкъан Правительствон Совет. ЦХПС Председатель хилира Мао Цзэдун) цо кхоьллира Пачхьалкхан Административан Совет — лаккхара кхочушдаран меже (Председатель ПАС хоьттира Чжоу Эньлай). 1954 шарахь тӀеийцира конституци, цуо хийцира Центральни Халкъан Правительствон Советан цӀе Халкъан Векалийн Гуламан Шайолуцийн Гуттарен Комитет аьлла, ткъа Пачхьалкхан Административан Совет — Пачхьалкхан Совет аьлла.

1949—1956 шерашкахь ССРС гӀоьнца коьллира промышленностан коьрта отраслаш, промышленность халкъан долайаьккхира, йуьртан бахам йукъара бира, тӀетаьӀӀина йаржийра социалистийн гӀишлошйар.

1956 шарахь ЦКП 8-гӀа гуламехь кхайкхийра, Мао Цзэдунан сатийсамаш кхочушдаран, «баккхийра кхиамийн» а, «коммунизацин» а политикин керла некъ (1958—1966), ткъа тӀехьлона 1966—1976, шина агӀонан къийсаман жамӀашца кхайкхийна «оьздангаллин революци». Цуьнан коьрта постулат йара социализм йаре хьаьжжина классийн къийсам чӀагӀбар а, пачхьалкх а, йукъаралла йаран Цийн «шакепара некъ» (товаран-ахчан йукъаметтиг цаиэшар, долахь долу хӀуман пачхьалкха йоцу кепаш цахилар, арахьараэкономикин уьйранаш совцайар, цӀенабоцу политикашна публикан суьдаш, хунвэйбинаш кхин дӀа а).

И политика йара тӀехьа «веана къуйтоба» дӀа а йаьккхина Ӏедале веанчу Дэн Сяопина сийсаза йина. ЦК ЦКП 11 кхайкхаран III Пленумехь (1978 шеран декабрь бутт) ши система ийна йолу социалистийн экономикин некъ дӀакхайкхийра. И системаш йара: планаца дӀасаекъаран а, базаран а (кхечу пачхьалкхийн инвестицеш декъайалош, предприятешна алсама бахаман паргӀато луш, йуьртахь доьзалан подряда йукъабалор, экономикехь пачхьалкхан секторан дакъа лагӀдеш, паргӀата экономикин зонаш дӀайоьллуш, къоьлла дӀайоккхуш, Ӏилма а, техника ойъуш.

Дэн Сяопин волуш пачхьалкхан арахьара политика, Маон хене хьаьжчи, пассивни йара. 1980-гӀа шераш чекхдовлуш 1990-гӀа шераш долалуш Цийн аьтту белира бахархойн йуург латтайаран проблема дӀайаккха, ВЧП а, промышленни гӀирсашбаран а лакхара темпаш айъа, халкъан дахаран барам айъа.

Хийцамаш аьттонца дӀабаьхьира иза хийцинчу Цзян Цзэмина (1993 ш. дуьйна), Ху Цзиньтаос (2002 ш. дуйна), Си Цзиньпина (2012 ш. дуьйна).

Пачхьалкхан хоттам

Пачхьалкхан хоттаман бух

Цийн Халкъан Республика — унитарни республика а, халкъан демократин диктатуран социалистийн пачхьалкх а йу. Пачхьалкхан коьрта закон ду 1982 шарахь тӀеэцна конституци. Пачхьалкхан Ӏедалан лакхара меже — цхьана палатех лаьтташ болу, меттигашкарачу халкъан векалийн гуламаш 5 шаран хоржуш болу, 2979 депутат йукъахь волу, Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам (ШХВГ) бу. ШХВГ сесси кхойкху хӀора шарахь. Сессешна йукъахь цуьнан бакъо дӀакхоьхьу Халкъан Векалийн Гуламан Шайолуцийн Гуттарен Комитето.

Харжамашна йукъабуьту Цийн Коммунистийн парти депутаташ а, Цийн Халкъан политикин консультативни совет (ЦХПКС) йукъайогӀу кхин а барх демократийн йу олушйолу парти а. Шайн законкхолларан Ӏедалан меженаш болхбеш йу лерринайолу административан кӀошташ Гонконг а, Макао а.

ШХВГ массо а депутат ву коммунистийн а, демократийн а блокан векал.

Пачхьалкхан корта — ЦХР председатель волу (Си Цзиньпин ву (习近平)). Иза ву пачхьалкхан куьйгалхойн пхоьалгӀа голан векал.

Ӏедал оцу голан дӀадалар доладелла 2002 шарахь, Ху Цзиньтао ЦКП ЦК генеральни секретаран даржера Цзян Цзэминас хийцинчу хенахь. 2003 шеран мартехь Ху Цзиньтао хаьржира ЦХР Председатель, ткъа 2004 шеран сентябрехь — ЦКП ЦК Центральни ТӀеман Советан Председатель (ЦТӀС). Хьалха и даржаш карахь дара Цзян Цзэмина. 2005 шеран 8 мартехь цийн парламентан сессехь (Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гулам) тӀеийцира ЦХР Центральни ТӀеман Советан Председатель даржера Цзян Цзэминан дӀавалийтаран дехар. ТӀехьуо и дарж дӀалецира Ху Цзиньтаос а, цуьнца чекхъелира пачхьалкхан лакхарчу куьйгаллехь Ӏедал хийцаран процесс.

ЦХР Центральни ТӀеман Совет кхоьллинера 1982 шарахь. Цуьнан хьалхара председатель хилира Дэн Сяопин, 1990 шарахь оцу даржехь иза хийцира Цзян Цзэмина. ЦК ЦКП ЦТӀС а, ЦХР ЦТӀС а председателийн даржаш хӀинцалерачу Цийн политикин системехь, цхьана стагехь ду.

ТӀеман совето а, цуьнан куьйгалхочо а цийн политикин системехь коьрта васт ловзайо. Иштта, 1989 шарахь оцу хенахь партийн а, пачхьалкхан а лакхара даржашкара дӀаваьллачу цу даржехь волу Дэн Сяопина, омар дира майданара гӀаттам охьатаӀабе аьлла Тяньаньмэнь (天安门).

2013 шеран январех ЦХР лакхара пачхьалкхан а, партийн а даржаш декъар иштта дара:

Ранг Дарж Даржехь волу
1 Цийн Халкъан Республикин Председатель
ЦКП ЦК Генеральни секретарь
Центральни ТӀеман Советан Председатель
Си Цзиньпин
2 / 3 ЦХР Пачхьалкхан советан Премьер Ли Кэцян
Шайолуцийн Халкъан Векалийн Гуламан Гуттарен Комитетан Председатель Чжан Дэцзян
4 Цийн Халкъан политикин консультативни советан Шайолуцийн Комитетан Председатель Юй Чжэншэн

Пачхьалкхан кхочушдаран Ӏедалан Лакхара меже йу Пачхьалкхан Совет (Центральни халкъан правительство), цу йукъабогӀу премьер, цуьнан гӀовсаш, Пачхьалкхан Советан декъашхой, министарш, комитетийн председателаш, генеральни ревизор, жоьпаллийн секретарь.

Лакхара суьдан инстанци йу Лакхара Халкъан Суд. Хьалхара инстанци суьдаш кассационни суьдаш — халкъан суьдаш. Прокурорийн терго йо Лакхара Халкъан Прокуратуро а, халкъан прокуратурийн меттигерчу меженаш а.

Пачхьалкхан Ӏедалан меттигера меже йу халкъан векалийн гулам, меттигера даиман болх беш йолу меженаш — гуттарен комитеташ (волосташкахь йац), меттигера кхочушдаран-омардаран меженаш йу меттигера халкъан правительство.

Физикин-географин амалаш

Цийн топографин карта

Географин хӀоттам

Ций йу Малхбален Азехь. Малхбале агӀора Тийна Ӏапказан хӀордийн хиш ду. Къилбаседа-малхбалехь доза ду КХДР а, Российца а, къилбехьа — Монголийца, къилбаседа-малхбузехьа — Российца а, Кхазакхстанца а, малхбузехь — ГӀиргӀазойчоьца, Таджикистанца, ОвхӀанца, къилба-малхбузехь — Пакистанца, ХӀиндица, Непалца, Бутанца, къилбехьа — Бирмаца, Лаосца, Вьетнамца. Цийн латтан майда йу 9,6 млн км²[17]. Ций уггара а йоккха пачхьалкх йу Азехь, ткъа дуьненахь кхоалгӀа йу, шела а йоккха Росси а, Канада а бен йоцуш. Цийн цхьаъйолу сахьтан аса — UTC+8.

Цийн берданйист йогӀу къилбаседанехьара Къилбаседа Корейн дозанера къилбехьа Вьетнаме кхаччалц, йохалла 14 500 км йу. Цийн бердашца Малхбален-Цийн хӀорд, Корейн залив, Можа хӀорд, Къилбан-Цийн хӀорд бу. Тайвань гӀайре къастийна материках Тайванан шинахинъйукъо.

Рельеф

Хи Лицзян

Цийн топографи чӀогӀа бес-бесара йу, цуьнан латташ тӀехь ду лекха лаьмнаш, тӀамлаьмнаш, таьӀна меттигаш, гӀум-аренаш, шуьйра акъареш. Дукха хьолахь билгалйоккху кхоъ йаккхийчех орографин регион:

  • Тибетан лаьмнаш, локхалла хӀордан барамал 2000 м сов, пачхьалкхан къилба-малхбузехь ду;
  • лаьмнийн аса а, лекха акъареш а 200—2000 м лекха, пачхьалкхан къилбаседа декъа тӀехь;
  • 200 м лахахь йолу лоха аккумулятивни акъареш а, лоха лаьмнаш а ду пачхьалкхан къилбаседа-малхбалехь, малхбалехь, къилбехь, цигахь беха Цийн дукхаха долу бахархойн дакъа.

Йоккха Цийн акъари а, Хуанхэ хин тогӀе а, Янцзын хикхочийла а, вовшехкхета хӀордан бердйистехь, иза йаьржина къилбаседера Пекин тӀиера къилбехьа Шанхай тӀекхаччалц. Жовхарийн хин майда (цуьнан коьрта Сицзян генца цхьана) йу Цийн къилбехь, иза Янцзы хин майданах къастийна Наньлин лаьмнаш а, Уишань (Цийра Дуьненан тӀехьен ткптара тӀейаздина) дукъо а.

Малхбузера малхбалехьа цийн рельефо кхоъ тӀиэгӀа йо. Хьалхарниг царех — Тибетан лаьмнаш, цигахь алсама йу локхаллаш хӀордан барамалла 4000 метарал лекха. ШолгӀа тӀиэгӀа йо Сычуани лаьмнаш а, Йуккъера Цийн лаьмнаш а, цуьнан локхалла 1500 — 3000 м йу. Кхузахь ораматаш цӀеххьана хийцало, йуьстича дукха йоккха а йоцучу меттигехь Ӏаламан зонаш хийцало лекхалаьмнийн шийла йаьсса аренаш тӀиера субтропикийн хьаннаш тӀекхаччалц. ТӀаьххьара тӀиэгӀа йалталушйолу акъареш йу, уьш 1500 м хӀордан барамал лахахь йу.

Климат

Гуанси-Чжуанский автономни к1ошт

Цийн климат чӀогӀа бес-бесара йу — къилба-малхбалера субтропикийн тӀиера къилбаседа-малхбузера цӀеххьана-континентальни (аридни) кхаччалц. Къилбера бердаш тӀехь хенан-хӀоттам билгалбоккху муссонашца, уьш хуьлу тайп-тайпана лаьттан а, океанан а дӀахударан аматаш бахьанехь. Шерачохь лела хӀаваиэхь а, мехашца а аьхкен заманчохь хуьлу дукха тӀуналла, ткъа Ӏай дикка декӀа хуьлу. Муссонаш тӀейаро а, йухъйаларо а доккхаха долчу тӀегӀанехь билгалдоккху барам а, пачхьалкхехь йочанаш дӀасайекъар а. Шораллица а, йохаллица а, локхаллица а йолу Цийр йаккхий башхаллаш кхолладо тайп-тайпана температуран а, метеорологин а низам. Иза ду дукхахдолу пачхьалкхан дакъа ду йуккъерабараман климатан областашкахь хиларе ца хьаьжина.

Пачхьалкхан 2/3 декъал сов ломан даккъаш, лаьмнаш, тӀамлаьмнаш, гӀум-аренаш, ахгӀум-аренаш йу. 90 % гергга бахархой 10 % пачхьалкхан майдан тӀехь — хӀордйистера кӀошташкахь, даккхий хиш йисташкахула (Янцзы, Хуанхэ (Можа хи), Перл) беха. И меттигаш йу гӀочу экологин хьолехь, бахьана — дуккха а заманахь лелош ду латтанаш йуьртабахаман хьашташна а, промышленни хьашташна (жамӀ ду Ӏалам бехдар).

Ганьсу

Цийн къилбаседехь йолу провинци Хэйлунцзян йу йуккъерабараман климатан областехь, Владивостокан а, Хабаровскан а климатах тера йу иза, ткъа къилбехьара Хайнань гӀайре тропикехь ду. Температурийн башхаллаш оцу регионашна йукъахь Ӏаьнан заманахь йаккхий йу, амма аьхка башхаллаш кӀазгло. Хэйлунцзянан къилбаседехь Ӏай температура охьайолу −38 °C, ткъа январан йуккъера температураш −16 °C гергга йу. Июлера йуккъера температура оцу областехь йу 20 °C. Гуандун провинцин къилбехьа йуккъера температура лесташ хуьлу январехь 10 °C июлехь 28 ° кхаччалц.

Йочаллин барам хийцало йоккхачу тӀегӀанехь температурел а чӀогӀа. Циньлин лаьмнийн къилбен басешкахь дукха догӀнаш оьху, максимум хуьлу аьхкенан муссонаш йолуш. Лаьмнашна къилбаседехьа а, малхбузехьа а таьӀчи догӀнаш лагӀло. Пачхьалкхан къилбаседа-малхбуза кӀошташ уггаре йекъа йу, цигахь йолчу (Такла-Макан, Гоби, Ордос) йаьсса аренашкахь йочанаш йац ала мегарду.

Цийн къилбера а, малхбалера а областаш дукха хьолахь (шарахь 5 гергга) балахьоьгуш йу гӀишлош йохочу тайфунашца, кхин а хихьадаршца, муссонашца, цунамешца, йокъаллица. Цийн къилбаседа кӀошташкахь хӀора бӀаьста хуьлу можа ченан мехаш, уьш кхоллало къилбаседа йаьсса аренашкахь, мехаш схьайахьа Корей а, Японан а агӀора.

Пайдехь лаьттах доккху рицкъ

Цийхь дукха тайп-тайпана йагоран а, буьйда минералин а ресурсаш йу. Доккха маьӀна долуш ду лаьттахь дохку маьхкдаьтт, кӀора, эчиган тӀулгаш, механ деза эчигаш.

Цийхь лаьттах дохкуш ду дуккха а пайдехь рицкъаш. Цийра коьрта энерги йоккха гӀирс кӀора бу, цуьнан лаьттах болу барамца Ций дукха пачхьалкхашал тӀехьа ца йуьсу, ткъа иза баккхарехь дуьненахь хьалхара меттиг бу — 2013 шарахь {{3561 млн т}}[18]. Гулахь лаьттахь рицкъ доллу меттиг, дукхахъерг Къилбаседа Ций йу. Йаккхий ресурсаш йу иштта Къилбаседа-Малхбуза Цийхь. Цаьрца къие йу кхин кӀошташ, алссама къилбехьара. Доккхах долу дакъа тӀулгийн к1ора бу. КӀора боллу меттигаш дукхахаерш Къилбаседехьара а, Къилбаседа-Малхбалехьара а Цийхь йу. Уггара а дукха кӀора болла меттиг йу Шаньси провинци (30 % ресурсех) — Датунски а, Янцюаньски а кӀорин шахташ. Ций кхин а кӀора эцарехь хьалхара меттигехь йу дуьненчохь — 2013 шарахь ЦХР чубеъна Кеп:320 млн т[18].

Кхин коьрта энергоресурсаш йахаран гӀирс маьхкдаьтта ду. Цийхь лаьттах доллу маьхкдаьттан барамца дикахчу меттигехь йу Йуккъера, Малхбалера, Къилба-Малхбалера Азин пачхьалкхашлахь. Маьхкдаьтта доллу меттигаш гучаевлла тайп-тайпана кӀошташкахь, амма алссама йу уьш Къилбаседа Цийхь (Сунгари-Нонни акъари), хӀордайисташкахула, Къилбаседа Цийн шельф тӀехь, кхин а цхьайолу йуккъерачу кӀошташкахь — Джунгарски охьатаь1начехь, Сычуани.

Ций йу дуьненахь йаккхийчарех деши доккху пачхьалкх 2007 шарахь дуьйна. 2013 шарахь Цийхь доккхучу дешийн барам 6,23 % совбаьлла 2012 шерца дуьстича, иза хуьлу 428 тонн[19]. Цийра компанеш жигара керла рудникаш дӀайоьллуш йу шайн пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а[20].

Пачхьалкхехь чӀогӀа дукха лаьттахйохку сланцаш, царех йаккхало сланцийн газ[21]. 2015 шарахь Цийхь 6,5 млрд кубометр сланцийн газ йаккха барам тӀелаьцнера. Шаболу Ӏаламан газ йаккхаран барам пачхьалкхехь айъалур ду 6 % хӀинцалерчуьнца дуьстича. 2020 шаран барам хоттийна 60-100 млрд кубометр сланцан газ йаккха хӀора шарахь[22].

Хиш а, Ӏаьмнаш а

Цийхь дукха хиш ду, уьш цхьана тоьхчи дохал 220 000 км хирдара. 5000 сов царех охьа хьо шайн хиш, хӀорамма а 100 км² сов майдана тӀиера. Цийн хиш кхуллу чоьхьара а, арахьара а системаш. Арахьара хиш — Янцзы, Хуанхэ, Хэйлунцзян (Амур), Чжуцзян, Ланьцанцзян (Меконг), Нуцзян, Ялуцангпо, церан йу араволийла Тийна, ХӀиндин, Къилбаседа Шабина океанаш чу, цара хи схьаоьцу майда пачхьалкхан 64 % гергга йу. Чоьхьара хишшан, барам кӀезга бу, алссама вовшен генахь а ду, дукхах долу меттигашка лекъна а ду. Уьш кхета Ӏаьмнаш чу чоьхьарчу кӀошташкахь, йа дов гӀум-аренашкахь а, дуьра ишалаш чохь; церан хи гулдо майда пачхьалкхан 36 % гергга йу.

Цийхь дукха Ӏаьмнаш ду, цара дӀалоцу майда 80 000 км² гергга йу. Эзарнаш шаьш кхоьллина Ӏаьмнаш а ду — хилатторийлаш. Цийхь Ӏаьмнаш а декъа мегар ду арахьара а, чоьхьара а аьлла. Арахьарниш аквадааршца дехаш долу теза Ӏаьмнаш ду, масала Поянху, Дунтинху, Тайху. Чоьхьарниш ду дуьра Ӏаьмнаш, угар а боккханиг царех Цинхай Ӏам бу. Чоьхьара кӀоштийн Ӏаьмнаш йукъахь дукха ду лекънарш, масала Лоб-Нор а, Цзюйянь а.

Ораматаш

Цийхь кхуьу 500 сов тайпана буто эрз, царах лаьтта шайолу хьаннех а 3 % хьаннаш. Буто эрзийн хьаннаш йу 18 провинцехь — уьш дукхахайолу акхарой йеха меттиг хилла ца Ӏа, уьш механ беза гӀирс схьаболу меттиг а йу. Церан дечиг хилла чамхалгаш шуьйра лелайо промышленностехь.

Административан йекъайалар

Цийн Халкъан Республико административан терго латтайо 22 провинцехь (); цул сов ЦХР правительство Тайвань шайн 23-гӀа провинции лору. Уьш йоцуш, ЦХР йукъайогӀу кхин а, Цийра кегийра къаьмнаш деха 5 автономни кӀошт (自治区); 4 центран куьйга кӀелхьарчу гӀаланийн дарж долу муниципалан кхолламаш (直辖市), 2 билгалйаьккхина административан кӀошт (特别行政区).

22 провинци, 5 автономин кӀошт, 4 центран куьйга кӀелара гӀала вовшахтуху «континент тӀиера Ций» термино, цу йукъа ца йогӀу Гонконг, Макао, Тайвань.

ЦХР конституци тӀехь де-юре билгалйаьккхина кхотегӀайолу административан йекъайалар: провинци (автономин кӀошт, центран куьйга кӀелара гӀала), уездаш, волосташ. Амма де-факто материк тӀиера Цийхь меттигерчу Ӏедалан пхиъ тегӀа йу:

Пекин (北京)

Пекин гӀала йу Къилбаседа-Цийн аркъарин къилбаседа-малхбуза агӀора. Малхбузехь а, къилбаседехь а лаьмнийн зӀе йу, царех тӀехь-тӀехьа акъарий хуьлу, цу тӀиера къилба-малхбузехь охьане йу Можа хӀордехьа (Бохайн айма). Пекинехь йуккъерабараман-континентан климат йу, дика къаьсташ шеран заманаш а йу.

Тяньцзинь (天津)

Тяньцзинь Къилбаседа Цийхь йу, Бохайн заливаца йохалла лаьтта, Хуанхэ а, Янцзы хишца зӀе йолчу Доккха цийн татолан къилбаседа чеккхенгахь а йу. Къилбаседехь а, къилбехь а, малхбузехь а доза ду Хэбэй провинцица, Пекинца — къилбаседа-малхбузехь. Тяньцзинан малхбалехьа Бохайн заливан хиш ду. 96 км генахь йолу Пекинца Тяньцзинь вовшехтесна дукха масса болу цӀерпоштнекъаца.

Шанхай (上海)

Шанхайн дуьненанйукъара финансин центр

Янцзы хинан чеккхенан хьалхарчу декъа тӀехь, 31 град. 14 мин. къ.-с. ш., 121 град. 29 мин. м.-бал. й. лаьтташ йу. Малхбалехь Малхбален-Цийн хӀордан хиш ду, къилбехьа — Ханчжоувань заливан хиш ду, малхбузехь Цзянсу а, Чжэцзян а провинцешца доза ду, ткъа къилбаседехьа Янцзы хинан чеккхе йу. Шанхай лаьтта пачхьалкхан хӀордийн бердашца нисса йуккъахь. Цуьнан аьтту болуш транспорт йу, шуьйрра чоьхьара майда йу, шен латтар стратегин меттигехь йу, йаккхийчарех хинан а, хӀордан а порташ йу цигахь.

Чунцин (重庆)

Чунцин

Цийн йуккъехь йолу Центран куьйга кӀелара гӀала йу, оцу кепара Цийн йеа субъектех, майданца уггара а йоккхаха йерг йу иза. Бахархой 7,5 млн стаг (32,75 млн стаг Чунцин административан округехь (терахьаш 2009 ш.). Дукхаха долу дакъа беха гӀалел арахьа. ЧВБ (ВВП) 2004 шеран терахьашца 266,5 млрд юань йа 8540 юань цхьана синна (24-гӀа а, 20-гӀа а меттигаш бу пачхьалкхехь).

Тайбэй

ЦХР правительствос Тайбэй Цийн йукъахь йолу автономин провинци Тайванан коьрта гӀала лору. Дукхаха йолчу пачхьалкхаш Тайбэй йозаш йоцачу пачхьалкхан Цийн Республикин столица лору.

Бахархой — 2 625 756 (2006).

Гонконг (香港)

Виктория Харбор. Гонконг.

Гонконг йа Сянга́н — Цийн Халкъан Республикин башха административан кӀошт йу, Азехь а, дуьненахь а йаккхийчарех цхьаъ финансийн центр йу. Бахархой 7 млн стаг.

Макао (澳門)

Макао йа Аомы́нь — Цийн Халкъан Республикин йукъара автономин латта ду. Хьалха Португалин колони хилла. Бахархой — 541 200 стаг (2009). Ӏедалан мотт: португалхойн а, цийн а.

Цийн административан кхоллам:

Регион (инглс.) (ций.) Адм. центр (инглс.) Бахархой[23][24][25]
Провинцеш
Аньхой Anhui 安徽 Хэфэй Hefei 59 860 000
Фуцзянь Fujian 福建 Фучжоу Fuzhou 34 710 000
Ганьсу Gansu 甘肃 Ланьчжоу Lanzhou 25 620 000
Гуандун Guangdong 广东 Гуанчжоу Guangzhou 86 420 000
Гуйчжоу Guizhou 贵州 Гуйян Guiyang 35 250 000
Хайнань Hainan 海南 Хайкоу Haikou 7 870 000
Хэбэй Hebei 河北 Шицзячжуан Shijiazhuang 67 440 000
Хэйлунцзян Heilongjiang 黑龙江 Харбин Harbin 36 890 000
Хэнань Henan 河南 Чжэнчжоу Zhengzhou 92 560 000
Хубэй Hubei 湖北 Ухань Wuhan 60 280 000
Хунань Hunan 湖南 Чанша Changsha 64 400 000
Цзянсу Jiangsu 江苏 Нанкин Nanjing 74 380 000
Цзянси Jiangxi 江西 Наньчан Nanchang 41 400 000
Гирин Jilin 吉林 Чанчунь Changchun 27 280 000
Ляонин Liaoning 辽宁 Шэньян Shenyang 42 380 000
Цинхай Qinghai 青海 Синин Xining 5 180 000
Шаньси Shanxi 山西; Тайюань Taiyuan 36 050 000
Шаньдун Shandong 山东 Цзинань Jinan 90 790 000
Шэньси Shaanxi 陕西; Сиань Xi’an 32 970 000
Сычуань Sichuan 四川 Чэнду Chengdu 83 290 000
Юньнань Yunnan 云南 Куньмин Kunming 42 880 000
Чжэцзян Zhejiang 浙江 Ханчжоу Hangzhou 46 770 000
Автономин кӀошташ
Гуанси-Чжуанийн автономин кӀошт Guangxi 广西 Наньнин Nanning 48 890 000
Чоьхьара Монголи Inner Mongolia 内蒙古 Хух-Хото Hohhot 23 840 000
Нинся-Хуэйн Ningxia 宁夏 Иньчуань Yinchuan 5 880 000
Синьцзян-Уйгурийн Xinjiang 新疆 Урумчи Urumqi 19 630 000
Тибетан Tibet 西藏 Лхаса Lhasa 2 740 000
Коьрта гӀалин муьтӀахь

йолу гӀаланаш

Пекин Beijing 北京 15 810 000
Чунцин Chongqing 重庆 31 442 300
Шанхай Shanghai 上海 18 450 000
Тяньцзинь Tianjin 天津 11 519 000
Леррина административан кӀошташ
Гонконг Hong Kong (Xianggang) 香港 6 864 346[26]
Макао Macau (Àomén) 澳门 541 200[27]
Республика Китай тӀехьожуш йолу регион
(политикин статус билгалйина йац)
Тайвань Taiwan 台湾 23 069 345[28]

Экономика

2013 шеран ЦХР экономика дуьненахь шолгӀа меттиге йолу номиналан ЧВБ барамца, Японал хьалха а йолий[29], кхин а шолгӀа меттиге йолу ЧВБ, эцаран корматаллин паритетаца (ЭКП) лерина.

ДВФ терахьашца 2014 шеран 1 эхашарахь ЦХР чоьхьара валови бахам ЭКП лерича хьалхара жамӀашца лерича Америкин Цхьаьнатоьхна Штател хьалхайаьлла, цул сов дакъа а, барам а шо чекхдолуш 16,48 % а, 17,632 трлн доллар Цийн хилира, 16,28 % а, 17, 416 трлн доллар АЦШ-н доьхьала[30].

Конституцига ладоьгӀчи ЦХР социалистийн пачхьалкх йу, амма пачхьалкхан предприятеш бешболу ЧВБ тӀехь-тӀехьа лахлуш бу: 1998 шарахь 55 %, 2008 шарахь 41 %, 2011 шарахь 30 % в кхаччалц[31]. 2004 шарахь Конституцехь бинчу хийцамашца, долахь болу бахам «хьебеш бац». ХӀинцалерачу экономикин хоттамах ЦХР официально олу «Цийн специфика йолу социализм йар». Цийн экономикин кепийн маххадор, цхьаболчу экономистийн чӀогӀа бес-бесара бу. 40-сахьтан белхан кӀира йукъадаьккхина 1995 шарахь пачхьалкхан декъехь, ткъа шеран отпуск (5-15 де стаже хьаьжжина) йукъайаьккхина 2007 шарахь[32]. И белхан гарантеш 2010-гӀа шерашшана лелаш йац ахархошна а, долахь йолчу предприятешна а[33].

1980 шарахь дуьйна Цийн экономика толуш йу йуккъера барам лаьрчи 15 % шарахь. 1990-гӀа шераш чекхдовлуш экономика тойаларан боларш лагӀделира шарахь 8 % кхаччалц, амма 2001 шарахь ЦХР Дуьненайукъара йохк-эцаран кхолламан йукъайагӀча чуйогӀу кхечу пачхьалкхашкара инвестицеш а, экспорт а шорйаро экономикин болар сихдира.

Официальни терхьашца, 2003 ш. Цийн ЧВБ айабелла 10 %, амма, эксперташ бахарехь, ЧВБ тӀекхета там бара 10-12 %. Арахьара йохк-эцаран барам 2005 шарахь кхечира 23 %.

Цийн ЧВБ айабалар

2005 шарахь 80 % Цийн дозан арахьара инвестицеш лаьтта Азехь[34].

Цийхь базаран экономика кхоллар дӀахьуш ду Коммунистийн партин куьйгаллица пхеа шеран планийн бух тӀех. Экономико ца йойу шен мехалла. Лакхара дакъа кхечу пачхьалкхийн инвестицеш йоллушехь, 80 % гергга оцу инвестицеш ЦХР экономике чуеанчу инвесторех дозанал арахьа бехаш болу этнически цийш (хуацяо) бу. Бес-бесара маххадорехь Ций АЦШ-н тӀехьакхиа еза 2015—2021 шарашкахь[35][36][37][38][39] кхин тӀе АЦШ-лла а кхузза совйаьла йеза 2040 шарахь[40]. Бара итта скептикаш, царна хетара, иза хира дац аьлла[41].

XXI бӀаьшераш дуьйлалуш Ций хилла дуьненан хьалхара индустриальни пачхьалкх промышленни рицкъ дарехь а, космосан а, ядерни а гӀуллакхехь.

Ций дуьненахь хьалха йу дукхаха йолу позицешкахь: пайден лаьттах йохкурш йахарехь (кӀора, аьчган, марганцан, дашан-цинкан, сурьман, вольфраман тӀулгаш, кхин а дечиг), кхин а гӀеххьа масштабашкахь доккху маьхкдаьтта, газ, кӀезгалаьттахдохку металлаш, уран. Ций дуьненахь дукхаха долу промышленни рицкъ дечарех йаккхийчарех пачхьалкх йу. ЦХР йу дуьненахь йаккхийчарех автойархо, хӀора шарахь арахоьцу автомобилаш АЦШ а, Японо а вовшехтоьхначул алсама.

Шанхайн гӀуллакхийн центр

Цийхь цемент йар коьртаниг шайн гӀишлошйаре йоьдуш йу, АЦШ-ал 80 сов а йо. Цийх АЦШ-н метта дуьненан хьалхелелориг хилла йинчу а, йеш йолчу а тӀехлекхачу гӀилошйарех. 2013 шарахь Чаншехь йина йалар ларъеш йу карайирзинчу чехкачу технологица йешйолу керла уггара а дуьненахь лекха (838 метр) 220 тӀекӀалйина тӀехлекха гӀишло «Стиглара ГӀала» (Sky City).

Шанхайра бӀов

Цийн ТӀПК до массо а кепара герз, ядерни а, термоядерни а, атоман хинан бухахулалела тӀехь баллистически ракеташ йолу кеманаш а, континенташ йукъара баллистически ракеташ а. Цийс дина чекхдаьккхира далаза Украинера эцна авиалелориг, цигара доладелла кхин а масех авиалелориг дар.

Цийс пачхьалкхан базови дуарган тоамхилийтараг некъ дӀахьо шен рогӀехь, цуо и барам латтабо 90 % сов. ТӀаккха дуарган кхерамазаллин хало, Дуьненан бахархойн пхоьалгӀа дакъа 9 % дуьненан охачу латташ тӀехь кхобуш долу, аьттонца дӀайолу[см. «Йуьртан бахам»][42].

Ций экономика тойаларан бахьанех цхьаъ ду паргӀата экономикин зонаш хилар. ХӀинца ЦХР йу 4 леррина йолу экономикин зона (кӀошт) — Шэньчжэнь, Чжухай, Шаньтоу, Сямэнь, паргӀата (пошлина йоцу) йохк-эцаран 14 зона, лакхара а, керла а технологийн 53 зона (оцу декъахь йоккха а, керлазаманан шайн долахьйолу «силиконан тогӀи»), кхечу пачхьалкхашкахь дешначу говзанчашна йина 70 сов Ӏилманан-техникин зона, экспорте дерзийнадолу рицкъ деш йолу 38 зона.

Масалин дало мегарду Шэньчжэнь регионан терахьаш, царна доьххьала 1980 шеран августехь официальни паргӀата экономикин зонан статус йелла. Башха экономикин регион (БЭР) Шэньчжэнь — уггара чехка толушйолу зона йу: 1979—2008 шерашкахь хӀора шеран ЧВБ йуккъара айам хилира 31,2 %[43]. ГӀала Цийхь хьалха йу арахьара йохк-эцаран барамашца.

Цийн Йеаннах кхоъ Лерринайолу Экономикин Зона (ЛЭЗ) — Шэньчжэнь, Чжухай, Шаньтоу — Гуандун провинцехь йу. Цхьана декъана иза бахьанехь, Гуандун провинцийс хьалхе латтайо материкан Цийхь электронан гӀирсашбарехь, кӀадийдарехь, йуурган рицкъ дарехь, фармацийн рицкъ дарехь хӀусаман техника йарехь.

Провинцехь йу машенаш вовшехтосу заводаш Nissan, Honda, Toyota; маьхкдаьттан а, маьхкдаьттахимин а отраслашкахь хьалхе лелош йу цийн корпораци Sinopec; электроника йечарех билгалйаккха мегар йу цийн корпорацеш BBK Electronics, TCL; регионехь кхин а йу Guangzhou Pharmaceutical (GP) — Цийн баккхийчарех цхьаъ аптекийн маша.

Цийхь хӀаваъ бехдар Ӏилманчаша дусту ядерни Ӏаьнца[44]

Валютан эцаран говзаллица леринаболу ЧВБ, Ций хӀинца дуьненахь шолгӀа йу АЦШ тӀехьа[45]. ЦӀеххьана тӀекхетна валютан резерваш.

Пачхьалкхан малхбалера хӀордйистера провинцеш дукхаха долчу декъана индустриальни йу, ткъа дукхахайолчу чоьхьарчу ЦХР регионашкара бахархой царал а къен Ӏаш бу. Уггара а къенчарех пачхьалкхан цхьа регион йу Тибет.

2013 шеран шолгӀа кварталехь ЦХР-н ЧВБ айам гайтина 7,5 % — иза баккхийчарех цхьа гайтам бу кхечу пачхьалкхашлахь.

Энергетика

Пачхьалкхан экономикин айаман лакхара гайтамаш бу энергигӀирсаш байар. Иштта, масала, Цийхь тӀаьххьара 40 шарахь 1960-гӀа шерашкахь дуьйна маьхкдаьтта дайар алсамдаьлла ткъе пхоьазза сов. ЦХР Пачхьалкхан статистикин урхаллин терахьашца 2005 шарахь 300 млн тонне кхаьчна. IEA терахьашца 2013 шарахь Цийс дайара дийнах 13,62 млн баррель[18]. 2013 шарахь ЦХР шайн маьхкдаьтта даккхар йу 208 млн тонн[18]. Кхин а 269 млн тонн маьхкдаьтта Цийс чудахьара 2013 шарахь[18]. Цийхь маьхкдаьтта даккхар айа ресурсан база йац, цуо тӀехь-тӀехьа алсамйоккху иза импортах йазар. Цуьндела хила мега 2000—2010 шерашкахь энергетико маьхкдаьтта дайар 20,2 % тӀиера 17,6 % кхаччалц охьадалар[46]. Хуьлуш болу экономикин айам гушболчу Цийн говзанчийн прогнозашца, 2020 шарахь импортан маьхкдаьттан эшам кхочурбу 450 млн тонне. 2025 шарахь ЦХР маьхкдаьтта дайаран шеран барам хир бу 710 млн тонн.

Цийн маьхкдаьттан компанеш, Sinopec санначара, аьтту лоьху ЦХР арахьара газ а, маьхкдаьтта а доллу меттигашна тӀекховда, масала Россехь, Кхазакхстанехь, Африкин пачхьалкхашкахь[47], Латинийн Америкехь.

2005 шарахь ЦХР Ӏаламан газ йагор кхечира 50 млрд м³. Прогнозашца, 2020 шарахь газ йагор айалурду 200 млрд м³ гергга. ТӀаккха а Ӏаламан газ дакъа ЦХР энергии йоккхуш кӀезга ду: 2000—2010 шерашкахь иза 1,9 % тӀиера 4,0 % айаделла[46].

Ций хьалхара меттигехь йу электроэнергии йоккхуш а, йойуш а. 2012 шарахь ЦХР йаьккхира 4985 млрд кВт⋅с электроэнерги, иза дуьненахь йоккхучуш 22 % йу[18]. Дуьненахь йаккхийчарех ГЭС-аш йу, иштта йоккха программа а йу АЭС-аш йан. 2000—2010 шерашкахь гидро а, атоман а, механ а энергетика лелор айаделла 2,2 % тӀиера 3,7 % кхаччалц[46].

Иштта доллушехь цхьайолу Къилбаседа а, Къилба а Цийн кӀошташ балахьоьгуш йу электроэнергии ца тоьуш.

2000—2010 шерашкахь Цийхь йойучу энергоресурсашлахь цӀеххьана айаделира кӀоран дакъа— 57,1 % тӀиера 70,5 % кхаччалц, ткъа кхечу дагорийн дакъа охьадуьйжира 18,6 % тӀиера 4,2 % кхаччалц[46]. ЦХР башхалла йу, цуо доккхуш долу кӀораводородашна доладеш кхоъ пачхьалкхан корпораци (China National Petroleum Corporation, Sinopec Group, China National Offshore Oil Corporation) хилар. Цара 2013 шарахь даьккхира Цийн 98,7 % маьхкдаьтта а, 97,8 % Ӏаламан газ а[48]. Оцу кхааннах 2013 шарахь къастора Sinopec, цуо ЦХР даьккхира 64,7 % маьхкдаьтта а, 75,8 % Ӏаламан газ а[48].

Финансийн система

Кхечу пачхьалкхийн ахчанан а, дешин а резервийн тӀиера арахьара декхар дӀадаьккхина, 2010 шеран ЦРУ Factbook терхьийн бух тӀиера эцна, пачхьалкхийн карта

Цийн валюта ду дуьненахь а коьртачарех. Церан йу дуьненан ах валютан резерв.

Цийн банкан система лаьтта Центральни банках а, «политикин» (аьлчи а коммерцин йоцу) банкех а, пачхьалкхан коммерцийн банкех а, акционерийн банкех а, гӀалийн коммерцийн банкех а, банк йукъара йоцучу финансийн кхолламех (гӀалийн а, йартийн а кредитийн кооперативаш) а, инвестицийн траст-компанех а.

Юань

Цийн ахча — Юань (ций. , : yuán).

Цийн маттахь «юань» муьлхха а валютах олу, масала, АЦШ-н доллар — «мэй юань». Амма дуьненайукъара контекстехь оцу дашуо билгалдоккху ЦХР-н юань — йа, кӀезгачу хьолехь, цийнмоттбуйцучу пачхьалкхийн (регионийн) валютех — тайванан доллар, гонконган доллар, Макаон патака.

ЦХР-н юань — Цийн ахчан жэньминьби (民币, пиньинь: Rénmínbì (RMB) йа мадарра гочдича «халкъан ахча») системан базан цхьа дакъа ду. Валютан дуьненанъйукъара билгалдаккхар ISO 4217 — CNY.

Цхьа юань декъало 10 цзяон, ткъа иза шен декъан декъало 10 фэнан (фэнь лелаш дац ала мегар долуш ду). Масала, 3,14 юань олуш хилча 3 юань 1 цзяо 4 фэнь олу.

Хабарехь мах билгалбоккхуш «юань» дешан меттана леладо «куай» дош, ткъа «цзяо» меттана — «мао».

Юань лела кехат ахчана кепара а, эчиган ахчана кепара а. Цул сов, лелош ду керла а, шира а кепара купюраш.

1994 ш. Цийн Ӏедало сацийна юанан барам $1/8,28 юань. ТӀаьххьарчу хенахь, Ций йара ЕС пачхьалкхаш а, Японо а, дукхаха дерг АЦШ а юань барам либерализаци бие бохуш охьатаӀийна лаьтташ. Царна хетарехь, юань барам охьабаьккхина бу, иза бахьанехь Цийн духку рицкъ кхин тӀе а конкуренцин аьтту болуш хуьлу. 2004 ш. Цийца йохк-эцарехь АЦШ-н пассиван сальдо $162 млрд хилира, ткъа 2005 ш. I кварталехь тӀекхийтира кхин а 40 % хьалхарчу шеран оццу замане хьаьжча.

2005 ш. 21 июля Цийс юань долларца йолу уьйр дӀайаьккхира, халкъан валютан мах айира 2 %. Юанан механ барам хӀинца билгалбоккхур бу иза бивалютан тускарца (05.07.2014 шарахь механ барам бара 6,21 юань АЦШ-н 1 долларах).

Цийн эксперташна моттарехь, валюта тускарах тасаро дуьненан экономикин конъюктуран сема хулийтур ду иза, амма цуьнца цхьана, пачхьалкхан финансийн система латтаран кхераме хир дац иза.

Ций план йолуш йу юанах резерван валюта дан[49].

Арахьара йохк-эцар

Арахьара суьрташ
Цийн экспортер-пачхьалкхаш
[1][50]

«Цихь дина» аьлла билгало тоьхна рицкъ гур ду ша долчу дуьненахь а, XXI бӀаьшарахь пачхьалкх «дуьненан фабрика» хилла. Дуьненахь йаккхийчарех экспортёр йолу Ций хьалха йу 100 кепара рицкъан экспортан барамехь. Цийхь арахоьцу 50 % сов дуьненахь йухкуш йолу фотоаппараташ, 30 % кондиционераш, 25 % бедарш йуьтту машенаш, 20 % гергга холодильникаш.

Цул сов, таможнин статистике хьаьжчи, Ций дуккха а шерашкахь кӀадинаш, бедарш, мачаш, сахьташ, велосипедаш, бедарш тоьгу машенаш, кхин а болх алсам бан беза рицкъаш экспорт дарехь хьалха йу. 2014 ш. цийн таможнин терахьашца ЦХР коьрта йохк-эцаран накъостий бу ЕС (товархьийзор 600 млрд доллар) а, АЦШ а (521 млрд доллар)[51]. 2000—2012 шерашкахь АЦШ-н экспорт ЦХР айаелла 16,2 млрд доллар тӀиера 110,5 млрд долларе кхаччалц, ткъа Цийн импорт 100,0 млрд доллар тӀиера 425,6 млрд долларе айаелла. Америкин ЦХР экспортан коьрта статьяш (2012 шо — скобкаш чохь гайтина оцу рицкъан группан мах млрд долларашкахь): коьш (14,9), гражданийн хӀаваан кеманаш, мотораш, гӀирс, церан дакъош (8,4), кегий автомобилаш (5,7), йоьза (4,4), ахпроводникаш (3,9)[52]. Штаташка йолу Цийн йу компьютеран гӀирсаш (2012 шарахь ЦХР боьхкина 62,2 % компьютеран гӀирсаш АЦШ чубеанчех)[52].

Цийх хилла йаккхийчарех цхьаъ ловзархо Европин а, Российн а базаршкахь.

2004 ш. арахьара йохк-эцаран барам лакхабаьлла 850 млрд долл. 2008—2012 шерашкахь Цийс цӀеххьана айбина буьда маьхкдаьттан (180,4 млн тонн тӀиера 273,8 млн тонне кхаччалц), кӀоран (41 млн тонн тӀиера 289 млн тонне кхаччалц), Ӏаламан газан (3,3 млн тонн тӀиера 30,3 млн тонне кхаччалц), эчаган тӀулгийн (444 млн тонн тӀиера 720 млн тонне кхаччалц) импорт[53].

Цийн дозанал арахьара инвестицеш

2002 шарахь ЦХР дӀакхайкхийна «дозанал араваларан» стратеги, оцу бахьанехь Цийн дуьххьала дӀайолу дозанал арахьара инвестицийн дакъа айаделла: 2002 шарахь Цийс дӀахьажийра дозанал арахьа дуьххьала дӀайолу инвестицеш 6,9 млрд доллар (0,47 % дуьненан барам тӀиера), ткъа 2012 шарахь — 84,2 млрд доллар (6,05 % дуьненан инвестицийн экспорт тӀиера)[54]. ЦХР шен башхалла йу дукхаха долу экспортан дуьххьала дӀайолу инвестицийн дакъа пачхьалкхан предприятийн (70,5 % 2010 шеран пачхьалкхан шайолу дуьххьала дӀайолу инвестицийшан тӀиера)[55]. ЦХР географин дуьххьала дӀайолу инвестицеш йекъалора иштта (2010 шо): 65,2 % йаьхкира Азин пачхьалкхашна (дукхахаерг Гонконге — 54,7 % Цийн инвестицийн экспортех), 15,3 % Латинийн Америкин, 9,8 % Европин[56].

Цийра транспорт

Цийн цӀерпоштнекъан маша (China Railways)

Автонекъийн дохаллийн барам (йарташкара а цхьаьна) 4,1 млн км хуьлу. Керла шорттаасанийн автострадийн дохала 2013 шо чекхдолуш кхечира 104,5 эзар км (2013 шарахь дехкира 8,26 эзар км автострадаш). Шадолу йукъаралелош долчу автонекъийн дохалла 2009 шарахь 3860 эзар км дара (1990 шарахь 1028 эзар км бен дацара)[57]. ЦХР некъаш дахкаран гӀар еара 2000—2005 шерашна, оцу хенахь йукъаралелош долчу автонекъийн дохалла айаделира 1402 эзар км тӀиера 3345 эзар км, тӀехьа некъаш дахкаран масалла лагӀъелира[57].

ЦӀерпоштнекъийн машийн China Railways бохаллийн барам 2013 шо чекхдолуш кхечира 103,1 эзар км (2010 шарахь тӀекхийтира 4 эзар км некъаш)[58]. 1990 шарахь ЦХР дара 57,9 эзар км цӀерпоштнекъаш[57]. 2006 шарахь Тибетехь бина белира уггара лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъ (5072 м хӀурдан барамал лакхахь) $4,2 млрд мах болу. Цийхь дуьненан уггара а боккха чехкачех а, тӀехчехкачех а лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъийн маша бу. Японехь а, Европехь а цхьанатоьхначул сов ду уьш. ЦХР йу хьалхара а, дуьненахь уггара а йоккха тӀехчехка регулярни аса маглеван, церан йу дуьненахь уггара а дукха болхбешйолу а, йохкушйолу а, планехь а метрополитенаш (кхузткъа гергга).

Цийн лекха лаьмнашкара цӀерпоштнекъаш — чехкачарна а, тӀехчехкачарна а йукъа догӀу: модернизаци йина цӀерпоштнекъийн асанаш а, леррина тӀехчехка цӀерпошташ лелийта йехкина керла асанаш а, ткъа иштта дуьненахь дуьххьалара магнитан гӀайбана тӀехула лела коммерцийн асанаш.

ТӀехчехка цӀерпоштан модель CRH-380A

2013 ш. сентябрехь долчу хьолехь ЦХР ишттачу некъийн шадолу дохалла хилира 10463 км сов (дохаллица дуьненахь 1-ра меттиг), цӀерпоштийн лаккхара чехкалла 380 км/с. ХӀинца Цийхь хаалуш йу тӀехчехка цӀерпоштнекъаш дахкаран гӀар. Пачхьалкхан гӀоьнца, цуо догдаийта леррина бечу белхашца 2015 шарахь 12-гӀа пхеашеран план чекхйолуш шаболу тӀехчехка цӀерпотнекъийн маша кхочур бу 18000 км.

Технологин планехь тӀехчехка цӀерпошнекъаш дахкар хуьлу кхечу пачхьалкхера шайн цӀе айиначу Бомбардье, Алстом, Кавасаки фирманаш технологеш дӀайаларан барт бар бахьанехь. Кхечу пачхьалкхийн технологеш схьаоьцуш Ций церан бух тӀех шайн технологех йан гӀерта. Цуьнан масала ду CRH-380A сери йолу, 380 км/с сов чехкалла йолу цӀерпошташ дар, царна тӀехь Цийн тӀехчехка некъийн рекорд хоттийна, 500 км/с гергга. Уьш 2010 ш. дуьйна лелош ду. Иштта хаам бу, керла цӀерпошт Пекин — Шанхай йийр йу Цийн компанис Шагун Рейл Виклз, 2012 ш. кхачале арахоьцур йу.

Хин транспорт йукъайогӀу хӀурдан арахьара йохк-эцаран а, чоьхьара мохь дӀасакхехьаран а, даккхийчу чоьхьарчу хиш чухула мохь кхехьаран а транспорт. Хин транспорт гулйина къилба-малхбален хӀурдйистехь а, къилбан кӀошташкахь а. Цуьнан дакъа мохьлелорехь айаделла 1980 шарахь хиллачу 42 процентера 2001 шарахь 53,2 проценте кхаччалц. Цийн чоьхьара хишшан дохалла 110 эзар км сов йу, ткъа кеманаш лела фарватерий йохалла — 7,8 эзар км йу. 2008 шо чекхдолуш хиллачу хьолехь ЦХР хӀурдан йохк-эцаран флотехь дара 20925 кема, шайолу тоннаж 44 млн тонн а йолуш, ткъа чоьхьара хин транспорт — 230 эзар гергга кема шайолу тоннаж 50 млн тонн сов йолуш[59]. 1994 шарахь кхечу пачхьалкхашкара инвестораш битира хӀурдан мохьлелоре, 1998 шарахь чоьхьарчу мохьлелоре[60]. 2000 шарахь бакъо елира кеманашлеларехь йолу кхечу пачхьалкхий предприятеш кхолла[60].

ХӀаваан транспорт. XX бӀаьшо чекхдаллалц цийхойн кеманахь хахкавалар даржехь хиларан а, вехаш хиларан а билгало йара. ХӀинца гӀаланаш йукъара рейсаш тӀекхеташ йу. Иштта, Пекинера Шанхай хӀораденна 40 рейс сов хуьлу. Граждански аэропорташ кхолларан гӀар хилира 1990—1995 шерашкахь, оцу хенах церан барам айабелира 94 тӀиера 139 кхаччалц, цултӀехьа сецира, 2005 шарахь пачхьалкхехь 135 граждански аэропорт бен йацара, амма 2005—2009 шерашкахь церан барам айабелира 165 кхаччалц[57]. Пассажирийн авиарейсийн терахь а лесташ дара шерашкахь: 1990 шо — 138,27 млн, 1995 шо — 59,68 млн, 2000 шо — 185,76 млн, 2005 шо — 192,51 млн, 2009 шо — 230,52 млн[57].

Цийра зӀе

Цийхь телефонаш йахкаран барам 1991 шарахь 1,29 % бен йацара, ткъа 2002 шарахь иза кхечира 30 %. 2013 шеран январь чекхболуш серийн зӀен абонентийн барам кхечира 280 млн, иза дуьненахь уггара а дукхаха бу.

Мобильни зӀе. Мобильни телефонан зӀен абонентийн терахь, 1990 шарахь 18 эзар бен хилла доцу, 2013 шеран январь чекхболуш айаделира 1,12 млрд каччалц, дуьненахь уггара а дукха хилира иза.

Йуьртан бахам

Йуьртан бахаман коьрта кепаш

XX бӀаьшеран 90-гӀа шерашкахь дуьйна Ций дуьненахь хьалхарчу меттигехь йу йалта кхиорехь (2010 шарахь кхиийна 546 млн тонн йалта[61]), жижиг даккхарехь, бамба баккхарехь, рапсан хӀу даккхарехь, стоьмаш кхиорехь, гӀан тонка даккхарехь, шолгӀа йу — чай кхиорехь а, тӀаргӀа баккхарехь, кхоалгӀа йа йоьалгӀа коьш а, шекаран эрз а, джут акхиорехь. Амма йуккъерчу синбарам лаьрчи и рицкъан барам дукха ца хуьлу.

Цийхь дукха тайпана лаьттан ресурсаш йу, амма лаьмнаш дукха ду, ткъа акъари кӀезга йу. 43 % пачхьалкхан лаьттан майданах акъари йу. 2010 шеран терахьашца Цийн дуьйш долу лаьттан майдано дӀалоцу 155,7 млн га[62]. 1990—2000 шерашкахь Цийн йуьртан бахам толуш йара шакепара — меттигаш йара интенсификацин (латта тодеш рицкъан барам айар) мур экстенсивни кхиоран (рицкъ айар латташ дер алсамдохуш) муьрца хуьйцуш. 1990—1995 шераш — интенсивни кхиоран хан йу: ЦХР латташ дуьй майда лахайаьлла 113,5 млн га тӀиера 110,5 га кхаччалц, ткъа лаьттах тоьхна латта тодаран хими айана 25,9 млн тонн тӀиера 35,4 млн тонне кхаччалц[62]. Оцу муьрехь айаделира йуьртан бахаман рицкъ, алссама бешийн майданаш 5,2 млн га тӀиера 8,1 млн га кхаччалц шорйар баханехь[62]. 1995—2000 шераш — интенсификаци лагӀъелла экстенсивни кепаш айаелла хан йу: оцу хенахь цӀеххьана айаелира йалтадеран майданаш 110,1 млн га тӀиера 156,3 млн га кхаччалц, цу тӀе тоьхна латта тодаран химин шеран барам айабелира кӀеззиг 35,4 млн тонн тӀмера 41,5 млн тонне кхаччалц[62]. Иштта 1995—2000 шерашкахь цӀеххьана лагӀбелира йуьртан бахамехь къахоьгурш — 916,8 млн стаган тӀиера 479,6 млн стаге кхаччалц[62]. 2000—2010 шерашкахь ЦХР йуьртан бахамера белхалойн (482,3 млн стаг 2010 шарахь), хӀора шарахь туху латта тодаран гӀирсийн (42,5 млн тонн 2010 шарахь), йуьртан бахаман культураш йуьйшйолу майданийн (155,7 млн га 2010 шарахь), бешийн (9,0 млн га 2010 шарахь) барам башха хийца а ца белира[62]. Цийр латта пачхьалкхан а, коллективан а долахь ду. 1978 шо чекхдолуш йарташкахь хийцамаш буьйлабелира. Уьш бахьанехь йаьржира керла бахаман система — кхиоран жамӀашца доьзна доьзалан жоьпалла. Коопераци йина бахамийн дакъа кӀезга ду — 9,8 % ахархойн керташ бен йац 2005 шарахь[63]. 2010 шарахь пачхьалкхехь йара 244,3 млн ахархойн керташ[62]. Цийн дукха йоккха хӀурдйистан аса йу. Цуьнан гомха хи долу чӀерийн меттигаш дӀалоцу 1500 эзар км², иза дуьненан гомха хин майданийн доьалгӀа дакъа ду.

Ций хьалха заманахь дуьйна аграрни пачхьалкх йу, амма 1950-гӀа шерашкахь дуьйна иза тӀейоьлла шуьйра масштабийн индустриализаци йан. 80-гӀа шераш долалуш ЧВБ йуьртан бахаман дакъа хилира 32 % гергга, амма цул тӀехьа кӀезг-кӀезга охьаделира, 2001 шарахь охьадуьйжира 15,2 %. Йуьртара къинхьегамхойн барам 70,5 % 1978 шарахь хиллачул охьабелира 50 % кхаччалц, хӀинца уьш бу 365 млн стаг гергга.

Ахархой йалта кхиорехь жигаралла айархьама, 2004 шеран мартехь ЦХР Пачхьалкхан кхеташоно дӀакхайкхийна йуьртан бахаман налог 5 шаран дӀайаккхарехь хилла барт[64].

Туризм

2013 шарахь туризмо белира 5,2 % пачхьалкхан ЧВБ (цунах 4,6 % ЧВБ — чоьхьара туризмо), оцу балхахь а, цунна гӀоьнна болчу белхашкахь вара 64 млн стаг[65]. 2013 шарахь 98,18 млн дозанал арахьа бахарш хилира (уггар а дукха туристаш оьхурш хилира Къилба Корей, Таиланд, АЦШ)[66]. 2013 шарахь Ций баьхкира 26,29 млн кхечу пачхьалкхашкара туристаш (1990 шарахь 1,75 млн бен вацара), уггар а дукха бара Россира, АЦШ, Филиппинера[67]. Иштта 2013 шарахь 97,63 млн стаг веана Гонконгера а, Макаора а, ткъа Тайванера 5,16 млн веана[68].

1985 шарахь пурба деллера долахь йолу а, йукъарабахамах йолу а турфирмаш кхолла[69]. Долахь йолу агентствошна пурба деллера чуьрчу туристашца болх бан, ткъа йукъарабахамах йолу фирмашна Цийн эмигранташца а, арахьара цийшца а[69]. 2009 шарахь пурба делла 100 % арахьара капиталах (цийра туристаш дозанал арахьа бахийтар доцург) туристийн фирмаш кхолла, ткъа иштта цхьаьна цийшца турагентствош кхолла а[70]. 2012 шарахь ЦХР арахьара капитало дакъалецира 327 отелашкахь, ткъа кхин а 340 Гонконгера, Аомынера, Тайванера капитал дара[70]. Иза дуьстича дукха а дац, нагахь оццу шарахь пачхьалкхехь 11687 тайп-тайпана классан отель йар лаьрчи, цу декъахь 3328 пачхьалкханиг а йу[71].

ЦХР арахьара туризман йуьхьиг йолало 1983 шарахь, оцу хенахь бахархошна пурба делира шайн четах Гонконгера гергара нах болчу баха[72]. 1990 шарахь пурба делира Сингапуре, Малайзи, Таиланде шеш баха, ткъа 1997 шарахь тӀекхийтира Австрали а, Керла Зеланди а[73]. 2002 шарахь цийшна пурба делира 22 пачхьалкхе баха, 2005 шарахь — 66 пачхьалкхе, 2013 шарахь — 114 пачхьалкхе[74]. 2008 шарахь туристашна баха магийра АЦШ[75]. Дукха хенахь дозанал арахьа бахар тобанашца бен дацара, амма 2003 шарахь магийра шеш-шайна тураш (Гонконге а, Макао а бен дацара)[76]. 2007 шарах магийтира туристийн тобанашца Тайване баха, деккъа 2012 шарахь гӀайре тӀех хилира 2,42 млн стаг ЦХР[73].

Арахьара политика

Пхеньянера Хьалхара май цӀе йолчу стадионера «Ариран» шоу

Малхбузера пачхьалкхаш луьйш хуьлу Цийн арахьара политикина КХДР гӀолецарна. Дуьненан политикехь шайн меттиг чӀагӀйаран арахьара политика лелайо ЦХР, кхин тӀе цхьан а агӀора меттиг ца лоцу.

ЦХР — КЪЦКХ

ЦХР 1971 шарахь дуьйна Къаьмнаш Цхьанакхетна Кхолламан Кхерамазаллин кхеташонан даиман а йолу декъашхо йу. Амма 1982 шарахь бен ца йолаелла ЦХР цунна финансаш йала, ткъа дуьххьарлера цийн тӀеман хьовсархой 1990 шарахь бен ца бахийтина цига[77]. 2003 шеран мартехь дозанал арахьа эскарехь вара 111 цийра машархо, ткъа 2011 шеран сентябрехь ЦХР машаран контингент (2018 «сийна каска», царна йукъахь 1892 стаг тӀеман персонал) хьалхара меттигехь йара КЪЦКХ Кхерамазаллин кхеташонан даиман а йолчу декъашхошна йукъахь, 15-гӀа йара дуьненахь[78].

ЦХР — АЦШ

Оцу пачхьалкхашна йукъахь шина агӀора дипломатин йукъаметтиг хоттийначу хенахь дуьйна — 1979 шеран 1 январь — ткъе итт сов шо даьлла. Оцу заманахь америкин-цийн йукъаметтиг гергара а, доьвне а йацара. Оцу йукъаметтиган аматийн бес-бесара цӀераш йу: «аьшпийн накъосталлин йукъаметтиг», «доттагӀ вац йа мостагӀ вац», «цхьана меттахь бийшина тайп-тайпана гӀенаш гар».

Пекино, Вашингтоне а ца хьоьжуш, Иранца а, КХДР контрактийн бехкамаш кхочушбо герзлатторехь а, технологешца а, шалхо а йоцуш, ондда позици латтайо Тайванан баланехь. Пачхьалкхийн йукъаметтигехь цхьа проблема йу, Цийра АЦШе йолу эмиграцин масштабаш.

Буш а, Ху Цзиньтао а

Америкин-цийн йукъаметтигийн коьрта лазам бу Тайванан бала. Йуьйцашъерг ЦХР суверенитет хилла ца Ӏа, дуьйцург азин-тийнаокеанан регионехь (АТР) цхьана машар а, дахар цхьанаэшшара хилар а ду. Ша лазам бу АЦШ а, Цийн а йукъахь лаьтта энергетикан кхерамазаллин хеттарийн комплекс.

XXI бӀаьшарахь дуьйна Вашингтонан а, Пекинан а коьрта къийсамаш лаьтта АТР. Иза доьзна, хьалхарчу рогӀехь, Барак Обамас шен «тийнаокеанан» стратеги йолайар бахьанехь, цуьнан Ӏалашо йу Америка АТР чагӀйала гӀертар. Вашингтоно мел дийриг а, и Ӏалашо кхочушйархьама ду, Ций регионера арататтарна чӀоггӀа дуьхьало йо Пекино. Иштта, Вашингтон ловза гӀиртира Цийний Къилба-цийн хӀурдан кхечу пачхьалкхашний йукъара лаьттан къийсамашца. Амма башха пайда эца цкъачунна аьтту ца хилла. Тахана оцу регионехь хьал чагӀлуш ду, бахьана, масала, гуш ду Цийно а, АЦШ а дӀаболийначу герз совдаккхаран къийсамехь.

Иштта делахь а, XXI бӀаьшераш дуьйлалуш йолуш йу Экономикин хеттаршна йолу стратегин диалог, агӀонаш сих-сиха вовшех а кхета, коьрта лазамаш а буьйца.

ЦХР — Росси

ЦХР — ХӀинди

ЦХР — Йоккхабритани

Латтанийн хеттарш

ТӀеман ницкъаш

Цийн салтий

Цийн бу дуьненахь баккхийчарех тӀеман ницкъаш. Ядерни а, ракетан а пачхьалкх йу иза.

Партийн куьйгалхоша баланс латтайо экономикин кхиамашна а, тӀаман харжаш алсамйахаран а темпашна йукъахь. «Тхо декъахь дац герз совдаккхаран къийсамехь, цхьанна а пачхьалкхана тӀеман кхерам а бац тхойгара», — билгалдаьккхира цийн коьрто Ху Цзиньтаос 2011 шарахь ша АЦШ вахча[79].

XXI бӀаьшарах Цийн тӀеман харж цхьанаэшшара айалуш йу: 2004 шарахь, масала, Цийн тӀемагӀуллакхан бюджет тӀукхетна 11,6 % 2003 ш. дуьстича. Говзанчаша хадийначу мехаца, 1992 ш. Цийс Россигара герз эцна $10 млрд гергга. 2004 ш. Ций кхечира 50 % гергга российн тӀеман экспорт ($2,8 млрд гергга).

Тахана Цийн тӀемалойн ойланаш тӀехь-тӀехьа дӀатаьӀаш йу башхалла доцу герз гулдар тӀиера тӀеман-хаамийн технологеш кечйаре.

Цийн Халкъан-паргӀатонан эскарехь (ЦХПЭ) 2,5 млн стаг ву. ЦХПЭ барам охьабаккха дагахь бу хьалхарчу рогӀехь дӀахиттина лаьтташ доцучу дакъошкарий, дуккха а йолчу Ӏилманан-талламаш бечу институташкарий. 2005 шарахь эскарера дӀабевлла 200 эзар тӀемангӀуллакххой.

Хуттуш лаьттачу дуьненахь ЦХПЭ тӀеман-хӀурдан флотехь ду 60 сов эсминцаш а, фрегаташ а, 60 дизель-электрически а, 10 атоман хинбухахула лела кеманаш а, 1 авиалелориг а.

Эскаран реформа еш Ӏалашо хоттайо, дуккха а тӀехьайисина ЦХПЭ дуьненан хьалхарчу пачхьалкхийн тӀеман ницкъашна тӀехьакхийан. Америкин эксперташна моттарехь, керладаьлла герз а, техника а эскаран латторехь ЦХР тӀехьайисина АЦШ-ал 15—20 шо.

Иза бахьанехь Цийс кхочушъеш йу эскаре керладаьлла, тӀехнийса герз латторан программа, коьрта терго ракетийн эскарашна а, иштта тӀеман-хӀурдан ницкъашна а, тӀеман-хӀаваан ницкъашна а.

Цийс кечдина хӀаллакдаран кеманийн доьалгӀа чкъор, оцу йукъахь стелс- хӀаллакдаран кеманаш, кхуллуш ду пхоьалгӀа чкъор а. 2011 шеран 11 январехь дуьххьала хиндолу пхоьалгӀа чкъоьран хӀаллакдаран кема J-20 хӀаваэ айаделла.

Цийс эцна Украинера а, Россера а авиалелориг, масех дизель-электрически хинбухахула лела кема, ткъа иштта шиъ эсминец «Таханлера» класс йолу, кхин а масех деш ду российн верфашкахь. Цхьанне жигара барамехь кхуллуш ду шайн авиалелориш, хинбухахула лела кеманаш (царна йукъахь атоман баллистикан ракеташ ерш), эсминцаш, тӀехь таханлера радарийн а, зенитни-ракетийн системаш а йолуш.

ЦХР чехка тӀехьакхуьуш йу тӀеман гӀуллакхехь лулахошна — Российна, Японан, Къилба Корейна, ХӀиндина, ткъа иштта Тайванан. Цуо сингаттам латтабо, хьалхарчу рогӀехь, регионехь политикин-экономикин хьалхе къуьсучу Японан а, иштта Тайванан а.

Эксперташ ларарехь, ЦХР къилбера провинцешка дӀа а хиттийна, Тайванан тӀе а ерзийна тактикийн ракетийн барам, даиман а тӀекхеташ бу, эзарна тӀекхочуш лаьтта. ЦХПЭ тӀеман-хӀаваан кеманийн барамца совйолу Тайванан агӀо — бакъ ду, дукхаха долу кеманаш шайн тӀеман аматашца тӀаьхьадисина ду. 2010 ш. ЦХПЭ ойланехь ду тӀехсов ницкъ гулбан Тайванан тӀеман ницкъашна дуьхьала хӀваэхь а, хӀурдан тӀехь а.

Регионера ницкъий баланс йохо там бу Евроцхьанакхетаралло ЦХР-н герздохкаран эмбарго дӀайоккхар хиларо. Эмбарго йаьккхинера 1989 ш. Пекинехь Тяньаньмэнь майданахь студенташ меттахбовларехь хилларг бахьанехь. Коьрта европийн пачхьалкхаша, Франци, Германи, Итали, хӀинцалера реза хилла санкцеш дӀайаха, АЦШ къобал ца дешшехь.

2005 ш. июнехь гӀовгӀа елира АЦШ-ний, Исраилний йукъахь, АЦШ-ан пурба а доцуш Цийн тӀеман технологеш а, герз а доьхкина аьлла. АЦШ дийцарехь, оцу технологеш Цийн тӀеман ницкъ Тайваньчулла а совбоккхур бу. Къамел ду Исраилера Цийна пилоташбоцу Harpy олу хӀаваэхула лела аппараташ йохкар, цара ХӀаваан доза лардаран (ХӀДЛ) системийн радараш халлакайо.

2005 ш. июнехь америкин «Вашингтон таймс» газето зорба тоьхна цхьа къайлаха докладан хаамех лаьцна. И доклад дина АЦШ-н разведкан йукъараллин куьйгалхочуна Джон Негропонте, цу тӀехь Ций герздарехь цӀеххьана генайалар а, и бахьана долуш цийн эскаран ницкъ тӀекхетар а чӀагӀдо. Цийн тӀеман отраслан кхиамаш буьйцу:

Шайн минанаш йар долийна, оцу декъахь бу дистанцера минанаш хиттайаран гӀирс а, дистанцера минанаш схьайоху гӀирс а, Ций дуьненахь йаккхийчарех экспортёр хилла гӀашлошна дуьхьала минанаш йухкуш. Цийн пачхьалкхан компани NORINCO кхиамашца къийсало оцу базарехь европийн компанешца.

Цийн леррина службаш беш разведкан белхаш бу, оцу декъахь тӀеман разведка (ЦХПЭ КШ КРУ).

ТӀеман бюджет 2006 шарахь 14,7 % айаелла, 284 млрд юане кхаьчна (35,5 млрд долл.)

Бахархой

ЦХР демографин гомалла

Цийхь деха кхузткъа гергга къам, царех Ӏедало лоруш ду 56 — хӀора а шайн Ӏадаташца, къоман духаршца, дукхаха дерш шайн маттаца. Амма шайн бес-бесаре, гӀиллакх-оьздангалле ца хьаьжжа и къаьмнаш пачхьалкхера бахархойн 7 % гергга бен дац, коьрта дакъа ду цийш, шайха «хань» олу цара. Йукъараллин модернизацино а, къаьмнаш йукъара доьзалаш кхолларо а кӀелхьара ца бовлуьйтуш этнически тобанийн йукъара башхаллаш дӀайоху, тӀаккха а дукхахболчара дозалладо шайн къаьмнех, шайн гӀиллакхашна а, дина а тешаме хуьлу. Хаза гӀиллакхаша а, Ӏиданаша а дозанал арахьара хьеший тӀеийзабо.

2000 шеран ноябрехь Цийхь пхоьалгӀа шайолуцийн бахархой багарбар чекхдаьккхира. Цуьнан терахьашца, Цийхь бара 1 137 386 112 цийш (бахархой абсолютни дукхалла). Бахархойн шарахь тӀекхетаран барам 2005 шарахь 0,58 % бара. 2010 шарахь йалхолгӀа бахархой багарбаро магайттаро, пачхьалкхан континентан декъан бахархойн барам кхечира 1 млрд 339 млн 724 эзар 852 стаг[80], иза дуьненахь уггара дукхаха барам бу. Халкъ тӀекхетар сацадархьама, Ций 1979 шарахь доьзал дуьненан тӀебаккхаран доза хоттадаран политика тӀе бевлла. Цийн тӀекхета бахархойн охьабаьлла барам йуккъерачу тӀегӀан тӀекхачар хьаьжна ца Ӏаш, иза базисан терахь дукха доккха хиларна, шо шере мелдолу алссам айало. 1990—2000 шерашкахь бахархой хӀора шарахь йуккъера барам 12 млн стаг айалора.

Бахархой 1,3 миллиард стаг сов хиларна ЦКП чӀогӀа гӀайгӀанехь йу ЦХР бахархой тӀекхетарна, иза буьрса доьзалан планированин политика лело гӀерта. Цуьнан жамӀаш бес-бесара ду.

Гонконг

Правительствон бахархойн тӀекхетар цхьанаэшшара даран политика хьажийна а йу, дӀахьуш а йу «цхьа бер цхьана доьзална» бохучу кхайкхамца. Амма оцу хаттарна тӀевогӀу меттигерачу хьоле хьожжий: барамлелор дӀаделла меттигерчу Ӏедалашка, церан бакъо йу меттигерчу хьоле хьаьжжина низам лагӀдан. ШолгӀа бера хила йиш йу, нагахь дай-наной кегий къаьмнех далахь йа церан ваша-йиша дацахь, кхин тӀе йарташкахь бехачу доьзалашна, нагахь хьалхарниг йоӀ йалахь йа бер заьӀап далахь. Мел къаьста бердаран барам лелоран политика ЦХР провинцешка хьаьжжина, гойту тӀехьадогӀучу масалша. Синьцзян провинцехь 2002 шарахь дуьйна лелаш ду хань къомана доза хоттийна долу Низам: цхьа бер гӀаларчу бахархойн доьзалашна, ши бер йуьртан бахамехь къахьоьгучу доьзалашна[81]. Синьцзянан доьзалашкара дех-ненах цхьаъ кегийчу къаьмнех валахь, бакъо луора ши бер хилагӀалахь, кхоъ йуьртан бахамехь къахьоьгучарна[81]. Хаало дукха буткъа барам «шолгӀачу беран бакъо» кегий къаьмнаш йукъахь: масала Хэйлунцзян провинцехь 2001 шарал тӀехьа арадаьлла «Халкъабахархойн а, бераш даран доза тохаран а низам», цуо хила тардолийта нанайцийн, орочонийн, киргизийн, эвенкийн, даурийн шолгӀа бер хьалхарчуьнан диъ шо кхаьчначу хенахь[82]. Амма, нагахь оцу бехкамех цхьан а кхочуш ца бинехь а, хӀора «совнаха» берах пачхьалкхан гӀуда охьадиллича могийта (дукхах болу хьалдолу доьзалаш иштта шиъ а, кхин сов а бераш до).

ТӀаьххьара шерашкахь бердаран барам лелоран политика кӀадйина: Шайолуцийн халкъан векалийн гуламан Даиман а йолу комитетан Постановленица 2013 шеран 28 декабрехь бакъо йелла шиъ бер хила, нагах дайх-нанойх цхьаъ мукъане а шайн доьзалехь цхьа бер хиллехь[83].

Пачхьалкхо лелуо политикин доьхьалойо йарташкахь, шайна белхан ницкъ безарна а, Ӏадаташкахь кӀант гӀоле ларарна а (цхьа хан йаьлчи уьш тӀаьхье хинйолундера). Политика йохош болчу доьзалша дукха хьолахь аьшпаш бутту бахархой дӀайазбечу хенахь. Официальни правительствон политика дуьхьала йу стерилизацин йа бер дӀадаккхаран, амма дерг бер даран доза тухуш меттигерчу Ӏедалша и бахьнаш леладо, хӀунда аьлчи даккхий гӀуданаш туху лара ца белчи бахархой тӀекхетаран барамца.

2000 шо чекхдолуш 65 шо кхаьчна а, кхин бакхий а нах Цийхь 88 млн 110 эзар бара. Иза 6,96 % Цийн бахархойх бу.

Хмонги

Цийн бахархойн сте-боьрша барам — 106,74:100. Иза кӀеззиг лакхара бу дуьненан йуккъара барамал — 101,44:100. Халкъан сте-боьрший барам 4 шере кхаччалца дикка лакхара бу 119:100 кхочу. Хьаьжчи зударийн дукха беха божарел а. Тахана Цийн бахархойн хеташ болу йуккъара вахаран барам — 71 шо бу.

ГӀалара бахархойн дакъа 2011 шарахь дуьххьала 50 % сов а баьлла 51,27 % кхаьчна. Дукхаха долу бахархойн дакъа ца деха шаьш даиман а тӀейаздинчу меттигехь (дукхахаберш ахархой бу, гӀаланашка болх бан баьхкина) — 2010 шеран бахархой дӀайазбаран терахьашца уьш 261 млн стаг вара (19,6 % пачхьалкхан бахархой), царех 175 млн стега регистраци даиман а бехачу провинцехь йара, ткъа 86 млн цулла а араха[84]. Урбанизаци сецайо 1950 шерашкахь дуьйна йолу тӀейазбаран система (хукоу): цхьа стаг регистрации йина хила йиш йу цхьана бахархойн пунктехь. ТӀаккха а регистраци йанза гражданийн барам даиман а тӀекхеташ бу — 2000 шеран бахархой дӀайазбарехь уьш 144,4 млн стаг вара (10,8 % ЦХР бахархой)[85]. Цул сов, хукоу система йохайар схьадогӀу дуккха а шерашкахь: 2010 шеран бахархой дӀайазбарехь 21,6 млн ЦХР гражданаш ца бехара шеш тӀейазбинчу меттигехь 5 шо а сов[86].

Урбанизацин барам хӀинца а кӀезга бу, сов белхан ницкъ йуьртахь шорта бу. XX б1аьшеран 90-гӀа шерашкахь Цийн гӀалийн бахархой процент шо-шере мелдолу айалора йуккъера барам 0,91 % болуш. Хетарехь и барам XXI б1аьшо долалуш а буьсур бу. Къаьмнаш Цхьанакхетна Кхолламан (ООН) прогнозашца, Цийн гӀалийн бахархой 2030 шарахь кхочур бу 884 млн. Вуьшта аьлчи, уьш 59,1 % пачхьалкхан бахархойх хира бу, оцу хенахь дуьненан йуккъара бараме кхочур бу. Уггар а марзо йолу меттиг йу къилбан провинци Гуандун — 2010 шеран бахархой дӀайазбаран терахьашца цигахь беха дукхаха болу гражданаш, тӀейазбар ЦХР кхечу провинцешкахь долуш болу (21 млн стаг сов), цунна тӀехьайогӀу Чжэцзян (12 млн стаг гергга), Шанхай (9 млн стаг гергга), Цзянсу (7 млн стаг сов), Пекин (7 млн стаг гергга), Фуцзянь (4 млн стаг сов), Тяньцзинь (3 млн стаг гергга))[87]. Российца доза долу Хэйлунцзян провинци кхечу регионашкарчу мигрантийн марзо к1езга йолуш йу (церан барам регионехь к1езга бу), цигара мелхо а д1аоьхуш бу бахархой[88].

Доьзалан дахар

Кеп:Нет источников Доьзалан барам лелоран политико лар йитина доьзалан дахарехь — 1981 шеран 1 январехь йукъадаьлла «Зудайалоран закон», цуо лакхара хенан доза хоттийна зудайалорехь, марейахарехь (22 шо божарашна, 20 шо зударшна)[89]. 2003 шо кхачале зудайалошберш, маребоьлхурш ца лаахь а чекхбовла безаш бара медицинех (хӀинца маьхаза а, лаахь а бен дац психиатрах, наркологах, дерматологах, фтизиатрах чекхвалар)[90]. ТӀехьарчу шерашкахь билгалдаьлла и законан низам аттонга даккхар — 2005 шарахь дуьйна бакъоелла студенташна зудайало а, маребаха а[91].

Полигами луьра магош йац, ткъа 2001 шарахь дуьйна ца магадо цхьана баха зудчух, майранех цхьаъ кхечу доьзалера боцучу зударшца, божарашца[92].

Иттаннах бархӀ меттиг йу таханлера ций дай-наной зудайалор, марейахар шайн дас-нанас хаьржжинчу бахана. Тахана гӀаланашкахь беха къона цийшан хьалхе хиана боьршаний, стений вовшен мах. 2001 шарахь дуьйна законо чӀагӀдина зудайалор Ӏедало регистраци йар, хӀетте а даьржина 1едалах къайлаха зудайалор. КъотӀалгӀа дина бераш а, доьзалехь дина бераш а цхьабосса лору. 2001 шарахь пачхьалкхехь йукъабаьккхина «зудайалоран барт», оцу тӀехь билгалбоккуш дӀайаздо тӀедогӀург а, «цхьана гулбина болу» бахам а[93].

Даьржина 1едалах къайлаха зудайалор а, уьш регистрации йале масийттаза хийцар а. Зудайитар, ХХ бӀаьшераш кхачале ойлайан а ца бахьара, хӀинца — цецвала хӀума дац. Ткъа махбанза лелар шуьйра даьржина, Ӏедало а дийцадаьккхина иза законех ца хилар юридически кечдар.

Хетарехь доьзалийн Ӏадаташна гӀуочу агӀора болхбо цхьа доьзал — цхьа бер политико, цуо балабо бераш хьарцхьара а кхуьий.[94] 2016 шеран 1 январехь йукъадаьлла закон доьзалехь ши бер хила бакъо луш. Парадокс йу, дукхаха болу цийра доьзалашна шайна ца лаьа ши бер хила.[95]

Йаккхий гӀаланаш

2000 ш. дуьйна, цийн гӀаланаш йаккхийра хуьлу йуккъера барам 10 % шарахь а болуш. ХӀинца ЦХР 100 сов гӀала йу миллион сов бахархой болуш. Цхьа могӀа дукхамиллионаш бахархой болу Къилба Цийра гӀаланаш вовшех а тоьхна дагахь бу 40 млн бахархой болу дуьненахь уггара йоккха гӀала йан.

Цийн Халкъан Республика йаккхий гӀаланаш

Shanghai
Шанхай
Hong Kong
Гонконг
Guangzhou
Гуанчжоу

Shenzhen
Шэньчжэнь

ГӀала Административан йекъайалар ГӀалин бахархой ГӀалин гуо бахархой Регион


Пекин
Tianjin
Тяньцзинь
Chongqing
Чунцин
Nanjing
Нанкин

1 Шанхай Шанхай 9 495 701 24 150 000 Малхбале
2 Пекин Пекин 7 296 962 21 516 000 Къилбаседа
3 Гонконг Гонконг 7 182 724 7 182 724 Къилба
4 Чэнду Сычуань 7 123 000 14 000 000 Къилба-малхбузе
5 Ухань Хубэй 6 660 000 10 220 000 Къилба
6 Тяньцзинь Тяньцзинь 5 066 129 14 425 000 Къилбаседа
7 Шэньян Ляонин 4 605 000 7 760 000 Къилбаседа-малхбале
8 Гуанчжоу Гуандун 4 154 808 14 438 972 Къилба
9 Чунцин Чунцин 3 934 239 28 846 170 Къилба-малхбузе
10 Ханчжоу Чжэцзян 3 900 000 8 700 000 Малхбале
11 Наньчан Цзянси 3 790 000 5 042 565 Малхбале
12 Шэньчжэнь Гуандун 3 538 000 10 357 938 Къилба
13 Цзинань Шаньдун 3 250 000 6 810 000 Малхбале
14 Нанкин Цзянсу 2 822 117 8 118 000 Малхбале
15 Циндао Шаньдун 2 755 500 7 579 900 Малхбале
16 Харбин Хэйлунцзян 2 672 069 10 635 971 Къилбаседа-малхбале
17 Шицзячжуан Хэбэй 2 604 930 10 002 104 Къилбаседа
18 Сиань Шэньси 2 588 987 7 270 000 Къилбаседа-малхбузе
19 Тайюань Шаньси 2 500 000 3 398 000 Къилбаседа
20 Далянь Ляонин 2 118 087 6 690 432 Къилбаседа-малхбале
21 Чанчунь Гирин 2 078 000 6 830 000 Къилбаседа-малхбале
2008 ш. хадийначу мехаца гӀалийн йисташкарчу кегийчу гӀалийн а, йартийн а бахархой йукъара баьхна гӀалийн бахархошна


Социальни чкъор

2001 шеран декабрехь Цийн йукъараллийн Ӏилмин Академис зорбатоьхна охьадиллина таханлера Цийн социальни чкъор талларан доклад. Церан барам иттанга кхочу. И чкъор ду, пачхьалкхан а, йукъараллин а куьйгалхой, менеджераш, предпринимателаш, леррина а, техникин а персонал, канцелярин белхалой, шайна болхбе промышленникаш а, йохк-эцархой а, йохк-эцаран гӀоьнна персонал, промышленни белхалой, йуьрта-бахаман къинхьегамхой, ткъа иштта цхьа а билгалбаьлла болхбоцурш, болхбоцурш, буьззана болхбоцурш. Цийн социальни чкъоьрийн дифферинциаци (декъадалар) тӀехь-тӀехьа алсамдолуш ду корматаллашца, оцуо наггахь социальни лелхаршка кхачабо[96].

Тибет

Мотт а, йоза а

Ханьцы къоман бу шайн хабарца а, йозанца а болу цийн мотт, иза лелабо пачхьалкхехь а, арахьа а. Цийн маттахь къамел до 1 миллиард сов стага.

Цийра 55 кегийчу къаьмнех дукхаха долчера шайн меттанаш ду. Пачхьалкх мукъайаккхале, дукха хьолехь Цийн мотт буьйцу хуэй (дунганаш), маньчжураш и шэ къаьмнаш доцуш, шайн къоман маттахь къамел а дора, йаз а дора монголаш, тибетцаш, уйгураш, корецаш, кхазакхаш, сибош, тайш, узбекаш, киргӀизаш, гӀезалоша, оьрсаша. Шайн йоза дара наси, мяо, цзинпо, лису, ва, лазу, амма иза шуйра лелош дацара. Йисина 34 этнически тоба къоман йоза ца хилла.

ЦХР кхоьллинчул тӀаьхьа правительствон программица кхоьллина, нисбина йозан меттанаш 10 этносийн тобана, уьш йу чжуан, буи, мяо, дун, хани, ли, кхин а, тодина йоза уйгури, кхазакхи, цзинпо, лаху, тай. Лингвистин классификацийца, 29 мотт цийн-тибетийн, 17 — алтайн, 3 — къилбаазин, 2 — хӀхӀинди-европин доьзалера бу. Тайванехь баьржина болу гаошань мотт ХӀиндонезин доьзалера бу. Цхьа мотт мичара бу хӀинца а хууш дац.

Цийн йоза иероглифех ду, схьадогӀу Шан династин (16—11 бӀаьшо вайн эрал хьалха) дехкина хӀуманийн суьрташ (дешнаш хийцина йолу символаш, лелайора хин дерг хаархьама) долу палтосу даьӀахкашкара. Йозан гӀирс хийцабеллехь а, цийн иероглифаш ширачу заманахь хийцамаза дисина. Газет деша 3000 сов иероглиф хаадеза, ткъа дешана стегана 5000 сов иероглиф йовзаеза. 1913 ш. дуьйна Цийн Ӏедалан къамелан мотт бу путунхуа (мандарин) диалект, кхин а лаххара а 7 регионийн цийн меттан диалекташ йу, къамел йукъахь йаккхийра башхаллаш йолуш, цуьндела къамелехь Цийн маьӀ-маьӀнера бахархой ца кхета дуьйцучух. Уьш вовшахтуху иероглифийн системан йозано.

Цийн меттанаш

Динан хӀоттам

Культура а, исбаьхьалла а

Кинематограф

Дешар

Ӏилма

Космосан программа

Социал проблемаш

Спорт

Суьрташ

Билгалдахарш

  1. Иштта ингалсан Гонконгехь, кхин португалихойн Макаохь.
  2. Си Дзиньпин занял высший государственный пост в Китае, возглавив "пятое поколение" руководителей
  3. В Китае завершился процесс передачи власти новому "пятому поколению" руководителей страны
  4. Ли Кецян возглавил правительство КНР
  5. Цифровые данные приведены без включения данных по Тайваню, Гонконгу и Макао.
    Атлас мира, обзорно-географический, ИПУ РАН, ООО «УНИИНТЕХ», Москва, 2004.
    Атлас мира, ПКО «Картография» федеральной службы геодезии и картографии России, Москва, 2005.
  6. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  7. GDP. World Bank. ТӀекхочу дата: October 9,2012. Архивйина 2013 шеран 15 февралехь
  8. Data refer to the year 2013. IMF database, IMF.
  9. 1 2 World Economic Outlook Database: China. International Monetary Fund (2012 шеран октябрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 2 январь. Архивйина 2013 шеран 15 февралехь
  10. Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
  11. Также гонконган доллар в Гонконге и патака в Макао.
  12. The World Factbook. www.cia.gov. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 10 ноябрь. Архивйина 2007-06-12 — Wayback Machine
  13. Kevin Hamlin. China Overtakes Japan as World's Second-Biggest Economy (инг.). Bloomberg (2010 шеран 16 август). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  14. Tim Worstall. China's Now The World Number One Economy And It Doesn't Matter A Darn (инг.). Forbes (2014 шеран 7 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  15. Члены ВТО и наблюдатели. «Центр экспертизы по вопросам Всемирной торговой организации» (2014 шеран 26 июнь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  16. Ледовский А. М. 2005. СССР, США и китайская революция глазами очевидца 1946—1949. М.: Ин-т Дальнего Востока РАН.
  17. Сайт ЦРУ. The world factbook Архивйина 2018-12-25 — Wayback Machine
  18. 1 2 3 4 5 6 Key World Energy Statistics 2014 (инг.). OECD, IEA (2014). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 4 февраль.
  19. В Китае впервые в истории потребление золота превысило тысячу тонн. «Жэньминь жибао» (2014 шеран 11 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  20. Объем добычи золота в Китае в 2011 году достиг нового рекорда. Bullion.ru (2012 шеран 1 февраль). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль. Архивйина 2015-02-05 — Wayback Machine
  21. Unconventional gas systems in China Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
  22. Тамила Джоджуа. Газовые амбиции Китая. «Коммерсантъ» (2012 шеран 19 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  23. fr:Provinces de Chine
  24. fr:Région autonome (Chine)
  25. fr:Municipalité (RPC)
  26. Гонконг
  27. Estimates of population
  28. Official National Statistics Taiwan estimate
  29. China Passes Japan to Become No. 2 Economy — NYTimes.com
  30. ИТАР-ТАСС. МВФ: ВВП по паритету покупательной способности Китая впервые стал больше, чем у США
  31. Чистякова С. В., Голд Н. Экономическое развитие и политические связи в Китае // Актуальные проблемы управления: теория и практика. Материалы международной (заочной) научно-практической конференции. — 2014. — С. 148
  32. Чжан Би Юй С. 71 — 72
  33. Чжан Би Юй С. 72
  34. Открытие ежегодного совещания Боаоского азиатского форума
  35. Китай обгонит Америку за десять лет. Спорим? Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  36. Экономика Китая догонит США к 2015 году, считает Conference Board | РИА Новости. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  37. Прогнозы для Китая — Prognozoff. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  38. ChinaPRO — Деловой журнал про Китай: новости Китая, экономика Китая, бизнес с Китаем, выставки в Китае, доставка из Китая, товары из Китая, поставки из Китая, производство в К … Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  39. Вести.Ru: Китай обгонит США по объему ВВП. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  40. 10 Reasons Why The Reign Of The Dollar As The World Reserve Currency Is About To Come To An End. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  41. Китай не обгонит США, Евросоюз не выдержит конкуренции со Штатами. Архивйина 2013 шеран 25 февралехь
  42. Экономическое обозрение: страны БРИКС придают большое значение вопросам продовольственной безопасности, угрожающим устойчивому развитию. Синьхуа. Международное радио Китая (2011 шеран 4 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 январь.
  43. Шэньчжэнь: место старта новых китайских реформ?
  44. Загрязнение воздуха в Китае напоминает ядерную зиму. // inosmi.ru. ТӀекхочу дата: 2014-3-28.
  45. Международный валютный фонд
  46. 1 2 3 4 Чеснокова С. В. Китай: новая и возобновляемая энергетика // Восточная аналитика. — 2011. — № 2. — С. 139
  47. Китай продолжает скупать сырьевые активы. Элитный трейдер (2013 шеран 30 август). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 5 февраль.
  48. 1 2 Щербаков Д. Н. Энергетический сектор Китая: структура и проблематика // Вестник Ленинградского государственного университета им. А. С. Пушкина. — 2014. — Т. 6. — № 4. — С. 124
  49. Китай рассказал, как сделает юань мировой резервной валютой
  50. обзор западной прессы: фондовый рынок почти достиг опасной зоны «эйфории», предупреждает citigroup - рынки. бкс-экспресс: финансовые и экономические новости и комментарии Архивйина 2013-11-07 — Wayback Machine
  51. Лю Ц. Расхождение интересов Китая и России в рамках Шанхайской организации сотрудничества // Гуманитарные, социально-экономические и общественные науки. — 2015. — № 2. — С. 108
  52. 1 2 Аксенов П. А. Современные тенденции в торговле товарами и услугами между США и Китаем // Россия и Америка в XXI веке. — 2014 — № 1. — С. 11 — 12
  53. Изотов Д. А. Рынок сырьевых товаров Китая // Пространственная экономика. — 2013. — № 4. — С. 73, 75, 77 — 78
  54. Новопашина А. Н. Пространственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 79
  55. Новопашина А. Н. Пространственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 83
  56. Новопашина А. Н. Прост ранственная политика экспорта прямых инвестиций: особенности Китая // Пространственная экономика. — 2014. — № 1. — С. 84 — 85
  57. 1 2 3 4 5 Чжинфэн У. Строительство и развитие инфраструктуры в Китае // Свободная мысль. — 2011. — № 5 (1624). — С. 100
  58. China’s high-speed railways hit 3,300 km
  59. http://cyberleninka.ru/article/n/morskoe-hozyaystvo-kitaya-i-perspektivy-sotrudnichestva-s-rossiey С. 151
  60. 1 2 http://cyberleninka.ru/article/n/morskoe-hozyaystvo-kitaya-i-perspektivy-sotrudnichestva-s-rossiey С. 153
  61. Ван Я. Уровень и тенденции развития инновационно-инвестиционного потенциала АПК Китая // Веснік Гродзенскага дзяржаўнага ўніверсітэта імя Янкі Купалы. Серыя 5: Эканоміка. Сацыялогія. Біялогія. 2012. — № 1 (125). — С. 10
  62. 1 2 3 4 5 6 7 Ван Я. Уровень и тенденции развития инновационно-инвестиционного потенциала АПК Китая // Веснік Гродзенскага дзяржаўнага ўніверсітэта імя Янкі Купалы. Серыя 5: Эканоміка. Сацыялогія. Біялогія. 2012. — № 1 (125). — С. 8
  63. Кожевникова Л. М. Исторический опыт внедрения рыночных отношений в сельское хозяйство Китая // Вестник Московского государственного областного университета. Серия: История и политические науки. — 2011. — № 3. — С. 215
  64. Ляонин стал 23-й китайской провинцией, объявившей об отмене сельскохозяйственного налога.
  65. Чжан Би Юй, с. 7
  66. Чжан Би Юй, с. 91
  67. Чжан Би Юй, с. 129
  68. Чжан Би Юй, с. 131
  69. 1 2 Чжан Би Юй, с. 43 — 44
  70. 1 2 Чжан Би Юй, с. 44
  71. Чжан Би Юй, с. 62 — 63
  72. Чжан Би Юй, с. 94
  73. 1 2 Чжан Би Юй, с. 104
  74. Чжан Би Юй, с. 96 — 97, 192
  75. Чжан Би Юй, с. 97
  76. Чжан Би Юй, с. 101
  77. Зародов И. А. Китай в миротворческой деятельности ООН // Вестник МГИМО Университета. — 2011. — № 6. — С. 260
  78. Зародов И. А. Китай в миротворческой деятельности ООН // Вестник МГИМО Университета. — 2011. — № 6. — С. 262
  79. BBC Russian — В мире — Ху Цзиньтао сказал, что Китай не стремится к гегемонии
  80. Коммюнике о результатах 6-й Всекитайской переписи населения Архивйина 2012-11-14 — Wayback Machine (данные приведены без населения Гонконга, Макао и Тайваня). (ТӀе цакхочу хьажорг — истори)
  81. 1 2 Капицын В. М., Ван Я. Синьцзян-Уйгурский автономный район Китая: территориальное самоуправление и национальная политика // Ars Administrandi. — 2013. — № 3. — С. 113
  82. Ставров И. В. Тенденции демографического развития неханьских национальностей Северо-Восточного Китая (начало XXI века) // Вестник Дальневосточного отделения Российской академии наук. — 2013. — № 4 (170). — С. 148
  83. Трощинский П. В. Влияние традиций на право современного Китая // Журнал российского права. — 2014. — № 8 (212). — С. 99
  84. Понкратова Л. В., Тракова Е. В. Внутренняя миграция в Китае: что показала перепись 2010 года // Россия и Китай: новый вектор развития социально-экономического сотрудничества Proceedings of the 2nd International Scientific Conference / Под общ. ред. Л. А. Понкратовой, А. А. Забияко. — Благовещенск, 2014. — С. 109—111
  85. Понкратова Л. В., Тракова Е. В. Внутренняя миграция в Китае: что показала перепись 2010 года // Россия и Китай: новый вектор развития социально-экономического сотрудничества Proceedings of the 2nd International Scientific Conference / Под общ. ред. Л. А. Понкратовой, А. А. Забияко. — Благовещенск, 2014. — С. 110—111
  86. Понкратова Л. В., Тракова Е. В. Внутренняя миграция в Китае: что показала перепись 2010 года // Россия и Китай: новый вектор развития социально-экономического сотрудничества Proceedings of the 2nd International Scientific Conference / Под общ. ред. Л. А. Понкратовой, А. А. Забияко. — Благовещенск, 2014. — С. 111
  87. Понкратова Л. В., Тракова Е. В. Внутренняя миграция в Китае: что показала перепись 2010 года // Россия и Китай: новый вектор развития социально-экономического сотрудничества Proceedings of the 2nd International Scientific Conference / Под общ. ред. Л. А. Понкратовой, А. А. Забияко. — Благовещенск, 2014. — С. 112
  88. Понкратова Л. В., Тракова Е. В. Внутренняя миграция в Китае: что показала перепись 2010 года // Россия и Китай: новый вектор развития социально-экономического сотрудничества Proceedings of the 2nd International Scientific Conference / Под общ. ред. Л. А. Понкратовой, А. А. Забияко. — Благовещенск, 2014. — С. 113—114
  89. Ма М. Брак в Китае // Экология и безопасность жизнедеятельности. — 2012. — № 1. — С. 79
  90. Ма М. Брак в Китае // Экология и безопасность жизнедеятельности. — 2012. — № 1. — С. 80
  91. Челнокова-Щейка А. В. Трансформация семейных ценностей в современном Китае // Знание. Понимание. Умение. — 2013. — № 4. — С. 311
  92. Нань Г. Реформа закона о браке в Китае в целях предотвращения домашнего насилия // Пролог. — 2014. — № 1 (5). — С. 49
  93. Нань Г. Реформа закона о браке в Китае в целях предотвращения домашнего насилия // Пролог. — 2014. — № 1 (5). — С. 50
  94. Китай: старый новый друг. из цикла передач «В КРУГЕ СВЕТА» радиостанции «Эхо Москвы»
  95. 'Two is too much trouble': will China’s parents rush to have more children?
  96. «В Китае 30 тысяч сталеваров устроили драку с полицией», lenta.ru от 26.07.2009: «Погибший (главный управляющий компании Jianlong Steel Holding Company) ежемесячно получал три миллиона юаней (около 438 тысяч долларов), в то время как пенсия среднего работника Tonghua Iron and Steel Group не превышает 200 юаней в месяц.»