Чулацаман тӀегӀо

Бегонда

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀишло бегонде луш хаам, Каосинг, Тайвань

Бегонда[1] (лат. arrendare — латта мехах лелор.

Масала, йуьртан бахамехь хана латта лелорна мах ло. Лаьттан механ йукъадогӀу материалан активаш лелоран амортизацин проценташ. Арендаторо барт бина бегондин тӀера стоьмаш, сурсаташ, са цуьнан долахь йу.

Россехь бегонда нисйо Гражданийн кодексца[2].

Бегондин барт

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бегондин бертах мах ло[2]. Российн Федерацехь иза йозанца бина хила беза, нагахь иза цхьаьна шерал сов бина белахь йа шина агӀонах цхьаъ мукъане а юридически йуьхь йелахь, бертан хене ца хьоьжуш. Бегондин барт шерал сов белахь пачхьалкхан регистраци хила йеза (бертан регистрации йо шен мехкан Федералан регистрацин гӀуллакхан меженехь).

Бертан агӀонаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Бегонде лург (лессор) — физикин йа юридически йуьхь (долахо), бегонде оьцучунна латта ханна мехах лело луш верг. Бегонде латта дала мега цуьнан долахочо йа цуо, йа законно векал винчо.
  • Бегонде оьцуш верг (лесси, посессор, рентер, тенант) — физикин йа юридически йуьхь (долахо), бегондин барт а бина, латта лелорна долахочунна мах луш верг.

Бертан хенаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

РФ законашца бегондин барт бо шина агӀоно, ший а реза йолуш, кехат тӀехь билгалбоккху. Нагахь барт тӀехь хан билгала ца йаьккхинехь, иштта барт билгалйоцучу хана бина хуьлу. Ишттачу меттигехь бертан агӀонийн, вукха агӀонна кхо бутт хьалха хаийтина, муьлххачу хенахь бохо йиш йу.

  • Хан тоьхна боцу барт: бертан хан агӀонаша билгала ца йаьккхина.
  • Йехачу ханна барт: 5-49 шо.
  • Йуккъера ханна барт: 1-5 шо.
  • Йоца ханна: 1 шо кхаччалц.

Арендин кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Законаца аренда къастало кепашца: ша аренда, субаренда, болх бан тӀелацар, иштта кхин дӀа а. Кхин а российн законехь къаьстина барт бо арендин башхаллех тайп-тайпана кепара лела а, ца лела а бахамех: лела бахам лело балар, транспортан гӀирсийн аренда, бегонда, гӀишлойн а, объектийн а аренда, предприятийн аренда, финансийн аренда (лизинг)[2].

Бегонда латталелоран кеп йу, лаьттан долахочо шен лаьттан дакъа мехах цхьаьна ханна аренде бахам лело даларан кеп. Бегонда йукъайаьлла доллара латта йукъадаьлча долахь лайш болчу хӀоттамехь, кхиина капитализмехь. Бегонда даьржина дара революцел хьалхарчу Россехь, ткъа ССРС иза мегаш дацара[3]. Таханлера российн законехь бегонда лелайо Лаьттан кодексца.

Транспортан гӀирсийн аренда

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арендийн йукъаметтиган цхьа кеп, цуьнан объект йу транспортан гӀирс.

Лизинг, кхечу кепара финансийн аренда, ша бахаман йукъаметтигийн комплекс йу, цуьнан амалехь ду, арендалург декхарийлахь ву арендаоьцучо аьлла бахам цхьаьна билгалчу йухкучуьнгара иэца а эцна, цхьа болх лело Ӏалашо йолучу, арендаоьцучуьнга и бахам мехах цхьаьна ханна аренде бала[4].

ТӀаьхьа схьаоьцур йолу аренда

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лизингах къаьста, арендалучо арендаоьцучунна леррина ца оьцу бахам, кхин а, барт бан ши агӀо тоьу.

Субаренда — арендаэцначо аренде эцна бахам кхоалгӀачуьнга аренде балар.

Материалан боцу гӀирсийн аренда

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Материалан боцу гӀирсийн аренда — муьлхха а материалан боцу гӀирсийн (интеллектуалан доларчун, программийн, махлелоран маркийн бакъонаш) аренда, цуьнца бакъо йу бакъонаш лело йа йаржо дӀайала.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Бовза-беза Ненан мотт. «Вести республики» — йукъараллийн а, политикин а газет. (2019 шеран 23 ноябрь). Архивйина 2023 шеран 20 мартехь
  2. 1 2 3 Аренда // Анкилоз — Банка. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — С. 201. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 2). — ISBN 5-85270-330-3.
  3. Аренда земли // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Гражданский кодекс РФ. Часть 2, статья 665. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 1 июнехь