Гамбини, Бьянко Спартако
Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1893 шеран 18 июль | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Сан-Паулу, Бразили | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 1966 шеран 18 август (73 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Сан-Паулу, Бразили | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | Бразили | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Гамбини Бьянко Спартако (итал. Bianco Spartaco Gambini; 1893 18 июль, Сан-Паулу — 1966 18 август[1], Сан-Паулу) — италихойх схьаваьлла бразилин футболист, турсло. «Палмейрасан» исторехь дуьххьарлера голан автор.
Карьера
Бьянкос шен карьера йолийра 12 шо долуш, «Тирадентес» клуб юкъахь ловзуш. 19 шо долуш иза Бразилера Аргентине дӀавахара. Цигахь Гамбини левзира шолгӀа дивизионан «Эстудиантиль Портеньо» клуб юкъахь. 1913 шарахь Бьянко цӀавирзира Бразиле, ши шо даьккхира «Коринтианс» юкъахь, ахтурслочун позицехь ловзуш[2]. Оцу клубаца цуо 1914 шарахь яьккхира шен хьалхара хӀонс — Сан-Паулу штатан чемпионат, цу тӀе цуо «Коринтианс» аренан тӀейоккхура ша командин капитан а волуш.
1915 шарахь Бьянко дехьавелира «Палестра Итали» юкъа, иза кхоьллинера «Коринтианс» йукъара дӀабаханчу италихоша. 1915 шеран 24 январехь Гамбинис туьйхира «Палестрин» исторера хьалхара буьрка, хьалхарчу матчехь «Савойя» клубаца, иза чекхъелира цуьнан командин толамца 2:0 чоьтаца[3]. Оцу матчехь иза вара командин капитан а, ткъа цул тӀаьхьа клубера и дарж латтийра карьера чекхъяллалц[3]. Кхин а 1915 шарахь иза кӀеззиг левзира «Маккензи Коллежехь», «Палестро» дукха тӀаьхьа Сан-Паулун чемпионате регистрацин кехаташ чудалар бахьнехь[4]. Бьянко «Палестрин» юкъахь левзира 12 шарахь. Цуо яьккхира клубаца штатан кхо чемпионат. 1926 шарахь Бьянко левзира 1 доттагӀаллин матчехь «Коринтианс» юкъахь «АА Палмейрас»[2] клубан дуьхьала.
Футболистан карьера чекхъяьлча иза висира «Палмейрасан» структурехь, коьрта тренере кхаччалц, 1931 а, 1944 а шерашкахь штатан чемпионатан толамхой а бира царех[3].
Дуьненайукъара карьера
1919 шеран 11 майхь Бьянкон дебют хилира Бразилин гулйина командин юкъахь Къилба Америкин чемпионатехь Чилица ловзуш, иза чекхъелира бразилихойн толамца 6:0. Дерриг къилбаамерикин хьалхеяккхарехь иза левзира 5 матчехь, царна юкъахь финалан матч а, цигахь бразилихой туьйлира Уругвайл, яьккхира шайн исторехь хьалхара дуьненайукъара хӀонс. Гулйина командин юкъахь шен тӀаьххьара матч Гамбини левзира 1919 шеран 1 июлехь; Бразилин Аргентиница йолчу оцу матчехь цхьан а ца туьйлира 3:3[5].
Кхиамаш
Ловзархочун
- Сан-Паулу штатан чемпион: 1914, 1920, 1926, 1927
- Къилба Америкин чемпион: 1919
Тренеран
- Сан-Паулу штатан чемпион: 1931, 1944
Билгалдахарш
- ↑ Кхечу хаамашца 18 июнь
- ↑ 1 2 Статья на terceirotempo.ig.com.br(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ 1 2 3 Профиль на palmeiras.com.br Архивйина 2013-04-30 — Wayback Machine
- ↑ A Fundação do Palestra Itália Архивйина 2011-08-25 — Wayback Machine
- ↑ Seleção Brasileira (Brazilian National Team) 1914-1922
Хьажоргаш
- Профиль на cbf.com.br
- Профиль на СамбаФут(ТӀе цакхочу хьажорг)
ХӀара Бразилин футболистах лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 18 июлехь
- Бинарш 1893 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Сан-Паулухь
- Белларш 18 августехь
- Белларш 1966 шарахь
- Белларш Сан-Паулухь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Бразилин футболисташ
- Бразилин футболан тренераш
- Футболех ловзаран Бразилин гулйина командин ловзархой
- ФК «Эстудиантиль Портеньо» ловзархой
- ФК «Коринтианс» ловзархой
- ФК «Маккензи Коллеж» ловзархой
- ФК «Палмейрас» ловзархой
- ФК «Палмейрас» тренераш
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш