Чулацаман тӀегӀо

Банишевский, Анатолий Андреевич

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Банишевский Анатолий
Банишевский Анатолий 1967 шеран ноябрехь
Банишевский Анатолий 1967 шеран ноябрехь
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Банишевский Анатолий Андреевич
Харц цӀе Баня[1]
Вина терахь 1946 шеран 23 февраль({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})[2]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1997 шеран 10 декабрь({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (51 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла
Локхалла 174 см
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
Байракх ССРС Локомотив (Бакох)
Байракх ССРС Нефтянка (Бакох)
Байракх ССРС Нефтчи
Клубан карьера[* 1]
1964—1978 Байракх ССРС Нефтчи 288 (121)
Тренеран карьера
1981—1982 Байракх ССРС Нефтчин тренер
1984—1987 Байракх ССРС Автомобилист
1987—1988 Буркина-Фасон байракх Буркина-Фасо (олимп.)
СовгӀаташ а, мидалш а
Европин чемпионаташ
Дети Бельги 1972
Пачхьалкхан совгӀаташ
Орден «Сий» (Азербайджан) — 1996
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча Кеп:ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Анато́лий Андре́евич Банише́вский (азерб. Anatoli Andreyeviç Banişevski; 1946 шеран 23 февраль[2], Бакох — 1997 шеран 10 декабрь, Бакох) — советийн футболист, тӀелатархо, тренер. Бакохан «Нефтчин» капитан, ССРС гулйина командин ловзархо. Дуьненайукъара классан ССРС спортан говзанча (1990). ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1991). Сийн орденан кавалер (1996).[3]

Банишевский вина, кхиина Бакохахь молоканийн доьзалехь[4]. Шен дерриг дахар чекхдаьккхина оцу гӀалахь. Меттигерчу «Нефтчи» клубе кхечира 16 шо долуш, сихха йукъакхечира коьрта хӀоттаман. Къона Банишевскин ловзар гинарш цецбовлура, къобал йора цуьнан похӀма. ГӀараевлла мехкан клубаш кхидайора цунна москохан а, киевн а дахар, амма иза кхин дӀа ловзура шен даймахкахь, шен атакера кхин гӀараваьллачу форвардца Маркаров Эдуардца. 19 шо долуш Морозов Николайс кхайкхира цуьнга мехкан гулйинчу хьалхара команде, цигахь Анатолис хаза дебют йира — 7 гол бархӀ матчехь. Царех цхьаъ, коьртаца 25—40 метр генара (хьосташкахь цхьаьна кепара ца дуьйцу) Мараканин тӀехь сийлахь бразилхошна тоьхна гол, дуьненан футболан исбаьхьаллин хазна хилира.

Банишевскийн уггаре аьтто болу шо хилира 1966 шо, оцу хенахь иза левзира дуьненан чемпионатехь, мехкан гулйина команда кхечира ахфинале, 4-гӀа меттиг йаьккхира. Оццу шарахь «Нефтчис» ехира ССРС чемпионатан борзанан мидалш.

1972 шеран Европин чемпионат чекхйаьлча, цигахь ССРС гулйина командо шолгӀа меттиг йаьккхира, иэшаран коьрта бехкениг вина, хьаькамийн къинхетамера велира, гулйина команде ца кхойкхуш севцира. Банишевскийн бохаме деира иза, цунна футбол йита а дагадеира, цхьаьна хенахь ца ловзуш а Ӏийра. Амма тӀаьхьа йухавеина чекхйаьккхира ловзархочун карьера шен «Нефтчин» йукъахь.

Цхьана хенахь, карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, «Нефтчин» йукъахь тренер болх бира, Буркина-Фасохь кегийрхойн тренер хилира. Амма иза иэшо волийра гучуевллачу цамгарша — панкреатито а, шекаран диабето а — тренерийн болх бита бийзира. Банишевский кхелхира 1997 шеран 10 декабрехь. ДӀавоьллина Бакохахь сийлахь дӀабохкаран шолгӀа Аллейхь (Аллей йу Ясамалан кешнашкахь).

Цуьнан цӀарах Масаллыхь стадион йиллина. 2003 шарахахь УЕФАн 50 шеран юбилей йолуш, цунна йукъабогӀу футболан кхолламаш цӀераш ехира тӀаьхьарчу 50 шеран уггаре дика ловзархочун. Азербайджанан футболан федерацис уггаре диканиг гайтира Банишевский Анатолий. 2010 шеран 23 февралехь Бакохахь даздира легенда хилла футболистан 64 шо кхачар.[5] «Центр Пропаганды» арахецараллехь (Москох, 2008) араделира жайна «ЦӀогадолу седин тач. Банишевский Анатолийн дахаран агӀонаш» (автор Азер Джангиров).

Банишевскийн йоьӀан кӀант Бабаев Ӏела 2011 шарахь дуьйна ловза волавелла, мацах цкъа шен ненада левзина йолу, «Нефтчин» жимхийн командин йукъахь[6].

ССРС гулйина командехь ловзар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ССРС гулйина командехь левзина 50 матчехь, чутоьхна 19 гол.

Хьалхара матч — Бразилин гулйина командин дуьхьала – 0:3 (1965). ТӀаьххьара матч — ФРГ гулйина командин дуьхьала – 0:3 (1972).

Цхьана матчехь уггаре дукха тоьхна буьрканаш — 3 гол Желтойчоьнан гулйина командин кевнашна чу – 4:1 (1965)[7]

Ловзаран статистика

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьост.[8]

Клуб Шо Лига Чемп.[9] Кад[10] Дубль[11] Йерриг
Ловзар Гол Ловзар Гол Ловзар Гол Ловзар Гол
Нефтчи Бакох 1963 Лакхара Лига 0 0 0 0 ? 3 ? 3
1964 Лакхара Лига 20 3 1 1 0 0 21 4
1965 Лакхара Лига 27 8 1 0 0 0 28 8
1966 Лакхара Лига 14 12 0 0 0 0 14 12
1967 Лакхара Лига 21 13 4 0 0 0 25 13
1968 Лакхара Лига 18 8 3 3 0 0 21 11
1969 Лакхара Лига 7 1 0 0 0 0 7 1
1970 Лакхара Лига 24 6 4 2 0 0 28 8
1971 Лакхара Лига 28 10 5 5 0 0 33 15
1972 Лакхара Лига 26 10 2 1 0 0 28 11
1973 Хьалхара Лига 30 22 3 0 0 0 33 22
1974 Хьалхара Лига 0 0 0 0 0 0 0 0
1975 Хьалхара Лига 17 6 0 0 0 0 17 6
1976 Хьалхара Лига 29 12 2 0 0 0 31 12
1977 Лакхара Лига 9 3 0 0 0 0 9 3
1978 Лакхара Лига 18 7 5 3 0 0 23 10
Дерриг 288 121 30 15 ? 3 318 139
Российн поштан марка, 2016 шо
Клубан
Гулйина командин йукъахь
Долара

Сийлахь цӀераш а, орденаш а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Сам Пеле завороженно смотрел на «Баню...»
  2. 1 2 Anatoliy Banishevskiy // FBref.com(бил-боцу.)
  3. Текст Указа Президента Азербайджанской Республики Гейдара Алиева о награждении Анатолия Банишевского орденом «Слава». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 30 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 23 октябрехь Архивйина 2015-10-23 — Wayback Machine
  4. Беседа с Казбеком Туаевым. Svoboda.org.
  5. В Бакох будет почтена память Анатолия Банишевского.Newsazerbaijan.ru
  6. Внук Банишевского в Нефтчи
  7. Футболисты мира. Анатолий Банишевский. Архивйина 2020-11-24 — Wayback MachineFootballplayers.ru
  8. Банишевский Анатолий Андреевич. Footballfacts.ru.
  9. ССРС чемпионат
  10. ССРС кад
  11. Бакохан Нефтчин дублан хӀоттам
  12. 1967 шарахь исписка хӀоттийна зӀенашца а, абатан низамехь а (лоьмарш йоцуш).