ЙоьалгӀа коалицин тӀом
ЙоьалгӀа коалицин тӀом | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Наполеонан тӀемаш | |||
Терахь | 1806 шеран 9 октябрь — 1807 шеран 8 июль[1] (8 бутт, 4 кӀира, 1 де) | ||
Меттиг | Йуккъера Европа (тӀеман коьрта театр) | ||
ЖамӀ | Йерриг хӀаллакйина йоьалгӀа коалици: Тильзитан машар | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ЙоьалгӀа коалицин тӀом (советийн а, российн а историографехь бевза оьрсийн-пруссин-французийн тӀом) — наполеонан Францин а, цуьнан сателлитийн а 1806—1807 шерашкара йаккхий пачхьалкхийн коалицин дуьхьала (Росси, Прусси, Йоккха Британи), Швецин, Саксонин. ТӀом хилла КхоалгӀа коалицин тӀеманийн.чаккхе,
Цунна хьалхара хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кхаа императоран тӀамтӀехь французашна дуьхьалара коалицин боккха иэшам бинчул тӀаьхьа, Наполеона эха шарахь Йуккъерачу Европин карта ца девзачу кепара йуха диллира. 1805 шеран 26 декабрехь куьг йаздинчу Пресбурган машаран бартца французийн императоро схьабаьккира Австрегара лахара бахамаш: Венеци, Истри, Далмаци, Каттаро, Фриуль. ЖамӀехь бакхий хийцамаш бина Австрин йайра империн берриг бахархойх 17 %[7]. 1806 шеран аьхка Къилба а, Йуккъера а Германин 15 олалла Наполеона цхьаьнатуьйхира Рейнан барте, иза де-факто Французийн империн протекторатан кӀелахь. Цунах чаккхе хилира эзар шарахь лаьттина Сийлахь Руман империн[7]. Шен толаман стом Ӏуьйшуш Неаполан БурбонгӀар, шен куьйгакӀелара дӀабовлар гӀертар дагаоьхуш,, Наполеона дӀадаьккхира Неаполера церан карара Ӏедал. Церан меттиг дӀалецира Бонапарт Жозефа, императоран вашас[8].
Аустерлицехь оьрсийн-австрийн ницкъаш эшначул тӀаьхьа шен позици хийцира Пруссис. Фридрих Вильгельм III-гӀачун векалина, баронан Хаугвицанна, Бонапарта тӀедиллира Францица дуьхьалонан-тӀелатаран барт бар. Паччахь реза хилира Императоро тӀедиллинчунна, 1805 шеран декабрехь и барт кхочуш бира. Компенсацина Наполеона Пруссин дӀайелира Ганновер — Йоккха Британин паччахьан французаша дӀалаьцна континент тӀера бахамаш[8].
1806 шо долалуш Европехь Наполеонан мостагӀ Росси бен йацара, Александр Iрачунна йаккхий халонаш йара оцу къовсамехь. Дукха сатийсина садӀарца Российс машар лоьхура Наполеонаца[8]. Шен агӀора, французийн императоро хаъал кхетийра Йоккха Британи а, Росси а, Франци кийча хиларех сепаратан машаран дийцарш дан. Амма российн векална Убрин чӀогӀа гӀуо хьолеш делира, уьш Александр I ца лиира ратификаца йан. Оццу хенахь Пруссехь, Рейнан барт бар бахьнехь адам карзахделира, Пруссина йоха кхерам хӀоьттира, тӀаккха цара Россица а, Йоккха британица а герга йаха некъ лецира[8].
ТӀом дӀабодар
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЙоьалгӀа антифранцузийн коалици, лаьттара Пруссех, Российх, Йоккха Британех, Швецех, Саксонех, кхоьллира 1806 шеран 15 сентябрехь. ТӀом болийра Пруссис. Наполеона пруссин паччахьан Фридрих Вильгельм III-гӀачун Германера эскарш арадаха, Рейнан барт бохабе аьлла хӀоттийна ультиматум дӀатеттинчул тӀаьхьа, пруссин ши эскар тӀедоладелира Гессенан.
Император Александр I сихха волавелира пруссин дозанехь кхо экспедицин корпус йан Пруссе а йахийтина, пруссин эскарех дӀатоха, баьччалла тӀедиллира инарлашна Л. Л. Беннингсенна а (60 000 стаг), Ф. Ф. Буксгевденна а (40 000 стаг), П. К. Эссенна а (20 000 стаг)[9]
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Далмацехь тӀом боьдуш бара 1806 шеран февралехь дуьйна.
- ↑ Цул тӀаьхьа Рейнан бертан декъахо а хилла, Наполеона нагӀора йаьлла.
- ↑ см. Франкийн-шведийн тӀом (1805—1810)
- ↑ см. Французаш Далмаце чубахар
- ↑ Тайп-тайпанчу хаамашца Пруссин дуьхьала бара 160 - 190 эз. салти, ткъа Российн дуьхьала — 170 эз.
- ↑ Урланис Б. Ц. Войны и народонаселение Европы, М., 1960
- ↑ 1 2 Егер О. Всемирная история. Т. 4. Новейшая история
- ↑ 1 2 3 4 Тарле Е. В. Наполеон
- ↑ Шаров Д. М. Деятельность императора Александра I по формированию и укреплению экспедиционных войск. По опыту военных кампаний 1805, 1806—1807 гг. // Военно-исторический журнал. — 2009. — № 6. — 14-15.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Михайловский-Данилевский А. И. Описание второй войны Императора Александра с Наполеоном в 1806 и 1807 годах. — СПб., 1846.
- Урланис Б. Ц. Войны и народонаселение Европы. — М., 1960. — С. 279.
- Clodfelter, M. Warfare and Armed Conflicts: A Statistical Encyclopedia of Casualty and Other Figures, 1492-2015(ингалс.). — 4th. — Jefferson, North Carolina: McFarland, 2017. — ISBN 978-0786474707.
- Asprey, Robert. Chs. 1-8 // The Reign of Napoleon Bonaparte(ингалс.). — New York, NY: Basic Books, 2001. — ISBN 0-465-00482-2.
- Bodart, G. Losses of Life in Modern Wars, Austria-Hungary; France(ингалс.). — 1916. — ISBN 978-1371465520.
- Clodfelter, M. Warfare and Armed Conflicts: A Statistical Encyclopedia of Casualty and Other Figures, 1492-2015(ингалс.). — 4th. — Jefferson, North Carolina: McFarland, 2017. — ISBN 978-0786474707.
- Chandler, David G. Jena 1806: Napoleon destroys Prussia(ингалс.). — Oxford: Osprey Publishing, 1993. — ISBN 1-855-32285-4.
- Chandler, David G. Chs. 39-54 // The Campaigns of Napoleon(ингалс.). — 2nd edn.. — New York, NY: Scribner, 1973. — ISBN 0-025-23660-1.
- Esposito, Vincent J.; Elting, John R. A Military History and Atlas of the Napoleonic Wars(ингалс.). — Revised. — London: Greenhill Books, 1999. — P. 57—83. — ISBN 1-85367-346-3.
- Kagan, Frederick. The End of the Old Order: Napoleon and Europe, 1801-1805(ингалс.). — Da Capo Press , 2007. — P. 141ff.
- ХӀокху йаззамехь (декъехь) текст йу, схьаэцна (гочйина) Британин энциклопедин цхьайтталгӀа арахецаран, дехьайаьлла йолу йукъараллин бахам хилла.
- Schroeder, Paul W. The Transformation of European Politics 1763-1848(ингалс.). — 1994. — P. 287—333.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Орлов Н. Очерк трехнедельного похода Наполеона против Пруссии в 1806-м году
- Русско-прусско-французская тӀом
- Русско — прусско — французская тӀом (1806—1807)
- статья «Наполеоновские войны» в «Энциклопедии Кругосвет»
Кхечу Википедехь кхин йуьззина агӀо йу Quarta coalizione(итал.) |