Чулацаман тӀегӀо

Католицизм

1000 йукъара цхьа йаззам
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Католици́зм (лат. catholicismus от желт. καθολικός — «массеран», мадарра «массо» я «берриг реза»; дуьххьара «ἡ Καθολικὴ Εκκλησία» термин юкъадаьлла 110 шарахь Игнатиес Смирнан бахархошка хьажийначу хаамехь Никейн тешаран символехь) дӀачӀагӀйина — дин лело нах ларарца дакхичарах цхьа дин (1 миллиард герга адам 229 миллион адам 2012 шарахь ларарца[1]) керста динан некъ бу иза, Малхбузера Риман имперехь вайн эран I бӀешерашкахь кхолла делла дин. Цара шаш къасто цхьаъ бен йоцу кафолин килс ю аьлла, иза кхоьллинарг а Корта а — Ӏиса (Иисус Христос) ву.

XVI- гIа бIешарахь Реформаци дIаяьлча Килсас «католикан» термин лелайора протестантийн тобах къастадала. «Католикан килс» Катехизис юкъахь а бу иштта кхетам. Цул сов, ШолгIа Ватиканан Собор йолуш, VI Павел Папас документашан куьг яздеш лелина и кхетам.

Керста дин Iисан (Христосан) Iамор тIехь кхоьллина ду. Цо хьехамаш бина I-чу бIешарахь вай эрахь («апостолшан хенахь») Риман импери Иудея цIе йолчу меттехь.

Килсан Iилма цу хен дуьйна схьадогIуш ду аьлла хета керста нахан.

Вайн эрехь керста дин чIогIа даьржар Риман Имперехь. Амма Iес наха Iиттарш йина керста нахана. Цул сов, деланийхойн цIунш Iазап латтина царна тIехь.

Константин Императоро керста дин 313 шарахь Iедале даьккхира, тӀаьхьо 380-чу шарахь цунах пачхьалкхан дин хилира.

Дуккха хен дуьйна Католицизмо йоккха Iаткъар йина Малхбузера Европин цивилизацин. Цо гIолацарца исбаьхьаллехь кхоьллина романски, готикан, ренессансан, маньеристски , барокко хатIаш, иштта кхиамаш баьхна музыкехь а, архитектурехь а. Европехь Ӏилманаш, исбаьхьаллаш кхиаро заза хецна заманан гӀуллакххошан (масала: Рафаэль Санти а, Микеланджело а, Леонардо да Винчи а, Сандро Боттичелли а, Фра Беато Анджелико а, Тинторетто а, Тициан а) гIо дина Католикан килсас.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]