Кевнахо (футбол)
Ке́внахо (кхин а голкипер инг. goalkeeper) — кевнаш лардеш волу футболех ловзархо. Коьрта Ӏалашо — дуьхьаларчу командин ловзархошна гол чутоха таро ца ялар. Дукхаха дерг ловзу кевнашна гергахь, гӀудан майданахь.
Куьйгашца ловзар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кевнахо — цхьаъ бен воцу ловзархо ву, шена а хууш буьрканах куьг тоха йиш йолуш (аут йоцург). Цуо юхаетта кевнаш чуетта буьрка, схьалоьцу лакхахула йогӀу буьрка, гӀудан майдане а, кевнийн майдане а йелла пасаш, кхин а схьайоккху «дуьхь-дуьхьала» нисвеллачу ловзархочуьнгара.
1912 шарахь дуьйна кевнахочун хууш куьйгашца буьрканах хьакхавалар доза тоьхна ду гӀудан майданца, цул арахьа куьг тоха ца мега (хьалха магара шен агӀорачу командан декъехь миччахьа а куьйгаца ловза). Оцу гӀудан майданал арахьа кевнахо ловзу кхин болу аренан ловзархой санна (масала, шен гӀудан майданал арахьа буьрканах куьг тоьхначу кевнахочун аренан ловзархочунна санна таӀзар до). Шен гӀудан майданахь волуш, кевнахочун таро ю шен кевнашна чу буьрка тоха, куьйга буьрка а кхоьссина, и гол лорур а ю (иштта меттиг, масала, нисъелла 1971 шарахь ССРС чемпионатехь)[1]. Цу тӀе куьйгашца буьрка дуьхьаларчу командин кевнашна чукхосса кевнахочун бакъо йац — ловзаран официалан бакъонийн «10 бакъонца», «Нагахь кевнахочо дуьхьалчу командин кевнаш чу дуьххьал дӀа куьйгашца кхоссахь, буьрка кевнашна тӀиера аратуху.»[2]
Амма кевнахочун бакъо йац буьрканах куьг тоха, нагахь шен ловзархочо шега пас еллехь (оцу юкъахь йац гӀодаюкъал лакъарчу меженашца йелла пас, йа буьрка когаца сацийна, караэца мега), царна юкъахь аутера йелла пас а ю. Ца хууш шен ловзархочух схьакхоссаелла буьрка схьалацар мегаш ду. Нагахь кевнахочо накъосто хууш йелла буьрка куьйгашца схьаэцнехь, тӀаккха бакъонаш йохорна хӀоттадо паргӀата буьрка тохаран гӀуда.
Ловзучу хенахь кевнахо шен кевнашна уллехь латтахь а, цуьнан цхьан а бехкам бац кхечунхьа ловза а. Масала, кевнахочо дакъа лаца таро ю шен командин тӀелатаран гӀуллакхехь а, гол тоха а.
Ловзаран техника
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шен ловзарехь кевнахочо лелайо иштта приёмаш: буьрка сацор, дӀатохар/аратохар муьлххачу дегӀан меженца (схьа ца лацалахь), лакхахула тоьхна буьрка схьалацар.
Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кевнахо хила виеза атлетикин куц долуш, кхоссалуш, цуо ло цунна башха аьтту гӀуданан майданахь ловзуш, тӀахъаьлла, онда, акробат санна каде, мостагӀал хьалхавала хаа деза, буьрка муьлххачу агӀора сацо а, схьалаца а йа буьйнашца дӀатоха а хаа деза. Цуьнан буьрка тохар чӀогӀа хила деза, кхоссар гена хила деза, буьрка васхал тӀехула кхосса йа штангин арахьахула хьажо хаа деза.
Кевнахочун хаа деза кевнашкахь нийса меттиг лаца, араволуш воха ца веза, кевнашна хьалха дуьхьало хӀотто еза цуо, сихха контртӀелатар доло деза.
Кевнахочун ловзар хила тарло хьал хаа дезаш а, цӀеххьана нислучу а хьоле хьежа везаш а хуьлу, цигахь обшу хьуьнар, сиха реакци, концентрации, тидам хилар, аренан а, хенан а, динамикин а леларан нийсалла, цуьнан биомеханикин эвсаралла.[3] Леларан-координацин хьуьнарех кхетадо сиха, нийса, Ӏалашонца, экономица, сихха сацам барца, аьлча а дика лело леларан Ӏалашо (чолхе а, цӀеххьана хуьлушъерш муххале а)[4]
Экипировка
[бӀаьра нисйан | нисйан]FIFA тӀеэцна футболех ловзаран 4 бакъонца, кевнахочун духар къаста деза шен командин кхечу ловзархойчуьнчех, дуьхьаларчу командин ловзархойчуьнчех, ткъа иштта матчан суьдхойчуьнчех. Цхьаболу кевнахой дика бовзура шайн духарца: Яшин Леван кунья яра "Ӏаьржа пантера", духаран бос бахьнехь, Хорхе Кампос къаьстара шен басарийн духарца.
Дукха хьолах командера хьалхара лоьмар йихкина хуьлу кевнахочух. Уггаре дика девза оцу низамера дӀавалар ду аргентинин кевнахочун Убальдо Фильолан, цуо лелийра 5 лоьмар 1978 шарахь, 7 лоьмар 1982 шарахь дуьненан чемпионаташкахь.
Берриг футболисташа лело декхарийлахь йолу коьрта экипировка йоцуш, кевнахочо леладо башха каранаш, цара кӀадйо буьркан чӀогӀалла, таро ло ца кхоьрруш буьркан доладан. ПӀелгаш чурадахарх лардеш башхаллаш йолу каранаш ду. КаратӀедожийна дац, амма говзанчаш кевнахой наггахь а ца ловзу уьш доцуш.
Магайо кхин амуници а, кевнахо йа кхин матчан декъахо лазоран кхераме йацахь, масала кӀеда ларваран гӀем йа кӀеда лаба йолу хураьшка. Масала, чехийн голкипер Петр Чех ша лазийначул тӀаьхьа ларваран гӀем лелош ву[5], оцу хенахь дуьйна цуьнан «визитан карта» хилла гӀемах.
Кевнахо хийцар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ловзар сацийначу хенахь муьлхха а ловзархо меттигашца хийцавала йиш ю кевнахочуьнца (хьалха суьдхочуьнга а хаийтина), цул тӀаьхьа кевнахочун бакъо дехьайолу оцу ловзархочунна[6]. Практикехь и бакъо лелайо, кевнахо лазийча йа гӀудан йукъара ваьккхича, ткъа хийцаман барам чекхбаьлла йа кхин кевнахо воцуш меттиг хилча. Иштта хийцаман барам бан а бац. Бухахь кхин а 2 кевнахо (тӀедиллина) а, масех тӀелатаран а, дуьхьалонан а ловзархой бу кевнашка хӀитта йиш йолуш.
Кевнахой тӀелатарехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кевнахочун коьрта Ӏалашо — шен кевнаш лардар йолушехь, цхьаболу кевнахой ловзу шен кевнашна генна. Ишттачу кевнахойн декъехь бу Рене Игита, Хорхе Кампос, Брюс Гроббелаар, Мануэль Нойер. Иштта ловзаран кеп, кевнахочо гӀалат даккхахь, деса кевнашна чу буьрка тухуш хуьлу (иза нисделира, масала, 1990 шеран дуьненан чемпионатан 1/8 финалан матчехь, цигахь Колумбин Камерунца ловзочу матчехь Рене Игитин гӀалато колумбихой иэшийтира).
Цкъацца кевнахоша голаш а туху. Дукха хьолахь иза нисло ишттачу меттигашкахь:
- Кевнахочо дика туху гӀудан буьрка а, пенальти а (Мануэль Нойер, Рене Игита, Рожерио Сени, Хосе Луис Чилаверт, Ханс-Йорг Бутт). Амма кевнахочо гӀуда йа пенальти тухуш кхерам бу, дуьхьала йолу команда контртӀелатаре яхана, деса кевнаш чу буьрка тохаран.
- Кевнахо шен командин тӀелатарех дӀакхета тӀаьххьарчу миноташкахь, оьшу гол йилларе сатуьйсуш. Иштта голаш тоьхна Микеланджело Рампуллас, Петер Шмейхела, Поом Марта, Леманн Йенса (2 гол), кхин болчара а. 2007 шеран 15 мартехь УЕФА кедан «Севильян» а, «Шахтёран» а йукъара 1/8 финалан матчехь, тӀаьххьарчу миноташкахь, чот 2:1 «Шахтёр» тоьлуш йолуш, чутуьйхира «Севильян» кевнахочо Андрес Палопа, цуо таро елира цуьнан клубан ловзаран тӀе хан тохаре, ткъа цул тӀаьхьа, туола (тӀьаьха УЕФА кад баьккхира).
- Кевнахочо ца хууш гол туху геннара шен гӀудан майданара (Пат Дженнингс, Драган Пантелич, Пол Робинсон, Юрий Жевнов, Тим Ховард).[7][8]
ХӀинца говзаллин тӀегӀанехь кевнахошна юкъахь чутоьхначу голийн рекорд ю Рожерио Сенин. Хосе Луис Чилаверта уггаре дукха голаш тоьхна къоман гулйина командашна юкъахь (8), ткъа иштта кевнахошна юкъахь цхьаъ бен вац хет-трикан автор (иза хилира аргентинин клубаш «Велес Сарсфилд» а, «Феррокариль Оэсте» а ловзуш 1999 шеран ноябрехь; «Велес» туьйлира 6:1. Кхуьй а буьрка Чилаверта туьйхира пенальтера).
Говзаллин карьерехь уггаре дукха голаш тоьхна итт кевнахо
[бӀаьра нисйан | нисйан](2014 шеран 16 сентябран хьолехь)
№ | ЦӀе | Голийн барам | Мохк | Карьеран шераш | Гулйина командехьа | Хьажорг |
---|---|---|---|---|---|---|
1 | Рожерио Сени | 123 | Бразили | 1992—2015 | 1997—2006 | IFFHS |
2 | Хосе Луис Чилаверт | 62 | Парагвай | 1983—2005 | 1989—2003 | IFFHS |
3 | Рене Игита | 41 | Колумби | 1985—2010 | 1987—1999 | IFFHS |
4 | Хорхе Кампос | 40 | Мексика | 1988—2004 | 1994—2004 | IFFHS |
5 | Димитр Иванков | 40 | Болгари | 1995—2011 | 2003—2010 | IFFHS |
6 | Джонни Вегас | 39 | Перу | 1997—2017 | 1999—2000 | IFFHS |
7 | Мишель Альваро | 39 | Сальвадор | 1988—2010 | 1991—2005 | IFFHS |
8 | Ханс-Йорг Бутт | 29 | Германи | 1994—2012 | 1999—2010 | IFFHS |
9 | Марко Корнес | 24 | Чили | 1975—1998 | 1983—1995 | IFFHS |
10 | Драган Пантелич | 22 | СР Югослави | 1971—1985 | 1979—1984 | IFFHS |
Шеран уггаре дика кевнахой ФИСДФ версица
[бӀаьра нисйан | нисйан]Оьздангаллин а, исбаьхьаллин а кхолламашкахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «„Ювентусан“ футболка йоьхна автосурт», Дуранте Доменикон 1926 а, 1930 а шерашна йукъара сурт (италихойн исбаьхьалча а, 1900—1911 шерашкара туринан клубийн футболист-кевнахо а)
- Кевнахо (фильм, 1936), ССРС.
- Кевнахо (Григорьевн сурт), ССРС (1949), Сталинан II тӀегӀанан совгӀат
- Футболисташ (Чайковн скульптура), ССРС (1938)
- Кевнахо (фильм, 2000), Испани.
- Матч (фильм, 2012), Росси
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Футбольные вратари Викилармехь |
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Последний рубеж: необычные и интересные факты о футбольных голкиперах // euro2020.ria.ru, 26.02.2020
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Случай с вратарём, «Физкультура и спорт», № 7, 1971 год
- ↑ официальный перевод РФС Правил игры в футбол на сезон 2019/20, стр. 93
- ↑ Берштейн, Н.А. О ловкости и ее развитии / Н.А. Бернштейн. — Москва, 1991. — С. 228 с..
- ↑ Шамардин, А. А. Координационные способности юных футболистов как критерий прогнозирования их специфических двигательных возможностей // Известия Волгоградского государственного педагогического университета. — 2008. — № 1 (25). — С. 115—117.
- ↑ Футбольной вратарь сборной Чехии и лондонского «Челси», один из лучших голкиперов мира
- ↑ The International Football Association Board. Правила игры. — Zurich, Switzerland, 2019/20. — С. 51. — 230 с.
- ↑ 2 ноября 2013 года вратарь «Сток Сити» Асмир Бегович забил «Саутгемптону» на 12-й секунде встречи — Бегович выбил от своих ворот, и мяч, перелетев через Артура Боруца, оказался в сетке.
- ↑ Бразильский вратарь забил победный гол из своей штрафной // 8 марта 2015
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |