Чулацаман тӀегӀо

Дасаев, Ринат Файзрахманович

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Дасаев Ринат
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Дасаев Ринат Файзрахманович
Вина терахь 1957 шеран 13 июнь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})[1][2] (67 шо)
Вина меттиг Аштаркхне
Гражданалла
Локхалла 186 см
Йозалла 73 кг
Позици кевнахо
Кегийрхойн клубаш
1963—1975 Байракх ССРС Волгарь
Клубан карьера[* 1]
1975—1977 Байракх ССРС Волгарь 58 (-31)
1978—1988 Байракх ССРС Спартак (Москох) 335 (-279)
1988—1991 Испанин байракх Севилья 59 (-67)
Тренеран карьера
1993 Испанин байракх Севилья тренер
1993—1995 Испанин байракх Севилья кев. тр.
1998—1999 Российн байракх Спартак (Москох) тренер
2000—2001 Российн байракх Москохан гулйина команда (жим.) тренер
2003—2005 Российн байракх Росси тренер
2007—2008 Российн байракх Торпедо (Москох) тренер
2012—2013 Российн байракх Торпедо (Москох) кев. тр.
2013—2016 Российн байракх Спартак-д (Москох) кев. тр.
2017—2018 Российн байракх Спартак-2 (Москох) кев. тр.
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Москох 1980 футбол
Европин чемпионаташ
Дети ФРГ 1988
Пачхьалкхан совгӀаташ
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1985 ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Даса́ев Рина́т Файзрахма́нович (гӀез. Ринат Фәйзерахман улы Дасаев, Rinat Fəyzeraxman uğlı Dasayev; вина 1957 шеран 13 июнехь, Аштаркхне) — советийн футболан кевнахо, 1980-гӀа шерашкахь уггаре дикачу дуьненан кевнахойх цхьаъ. ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1988). 1988 шеран Европин чемпионатан детин совгӀатхо. 1980 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо. 1979, 1987 шерашкара футболех ловзаран ССРС чемпион. Йукъатоьхна ФИФА 100 испискин.

Хьалхара шераш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Жима волу шнека Ӏамош вара, дакъалецира йерригсоюзан берийн къийсамашкахь, цул тӀаьхьа куьйган операци йира. Операцел тӀаьхьа некане лела лаам бацара, тӀаккха футбол хаьржира. 9 шо долуш дӀаийцира «Волгаран» футболан ишколе. Хьалхара тренер — Бледных Геральд. Йуьхьанца йукъахь ловзуш вара, тӀелатархочуьнан позицехь. Оцу позицехь гӀийла гора иза. ТӀаьхьа Дасаевс ма-дийццара, цхьа меттиг йаьлча кевнашка хӀоьттира:

Кеп:Цитатин йуьхиг Цкъа Ӏай тренировкаш йолаяла 20 минот хьалха веира, мукъалла кевнашна тӀевахара. Хьажа а хьаьжна тренеро боху: «Тахана хьо кевнашкахь муха ву хьовсий вай. Оцу дийнахь дуьйна долайелира сан кевнахочун дахар.

Оцу амплуахь цуо дакъалецира дуккха а берийн а, жимахойн а республикин къийсамашкахь. 1973 шарахь Дасаевн дуьххьара делира Новороссийскехь хиллачу ССРС хьалхейаккхаран зонин къийсамашкахь «Турниран уггаре дика голкиперан» совгӀат.

Чекхйаьккхира Москохан областан пачхьалкхан физикин оьздангаллин институт.

Футболан карьера йолийра Аштаркхнехь, 1975 шарахь, цуо дӀалецира «Волгаран» кевнашкара меттиг. Хьалхара матч Дасаевс дӀайаьхьира 1975 шеран 5 августехь хьошалгӀахь Соьлжа-ГӀалахь «Терекан» дуьхьала (22 туран матч). Соьлжа-ГӀалахой оцу шарахь хьалхарчу тобанехь бара, тӀех дика формехь бара, гуш хало йоцуш туьйлира 2:0 чоьтаца.

1975 шеран 7 августехь Дасаев йуха а лардеш вара «Волгаран» кевнаш ставрополан «Динамон» дуьхьаларчу къовсамехь, амма матч чекхйолуш лазийра голин хьорзам, иштта йукъара велира. Аштаркханхой ийшира 0:1 чот йолуш. Бакъ волу командин лидер хилира Дасаевх шолгӀачу, 1976 шарахь, оцу шарахь цуо ах сов матчашкахь кевнаш лардира — 40 ловзарех 26 — аратеттира коьртачу хӀоттамера кевнахо Маков Юрий[3].

1977 шарахь иза хийца йиш йолуш вацара — Аштаркхнен командин коьртачу хӀоттамехь левзира 31 матчех 30.

«Спартак» (Москох)

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1977 шеран 11 сентябрехь Дасаевс тӀаьххьара 58-гӀазза тӀедуьйхира «Волгаран» духар, тӀаккха Москоха вахара, москохан «Спартак» йукъа, иза оцу хенахь ловзуш йара футболех ловзаран ССРС чемпионатан 1-ра лигехь. «Спартак» йукъа иза дӀаэца аьлла хьехар деллера «Волгаран» коьрта тренеро Новиков Фёдор, иза оцу хенахь, 1978 шарахь, ша йукъавахнера москохан командин тренерийн штабе[4].

«Спартакехь» коьртачу командехь ловзархьама цуьнан меттиг къийса йийзира зиеделла волчу Прохоров Александрца, йехачу хенахь Дасаевн тешам ца лора кевнаш лардан. Дуьххьарлера матч «Спартак» йукъахь левзира Ворошиловградехь «Зарян» дуьхьала, цигахь цуо буьрка ца тохийтира. ТӀаккха «Спартако» иэшийра «Локомотив», Дасаевс йуха а чу ца тохийтира буьрка.

«Спартак» йукъахь ловзуш, шен ловзаран хатӀ тодан волавелира:

Кевнахойн майданера араволуш ловзар дика нислора сан. Константин Ивановича тӀедилларца Ӏамадора буьрка когаца ара ца тохар, буьрка накъосташка куьйгашца кхосса Ӏамадора цуо, иштта дуккха нийса ду — сихха контратака йан ло. Ӏамийра ловзархошна куьйгалла дан, цу тӀе турслошна доцуш, ахтурслошна а, тӀелатархошна а. Кевнахочун дика ма го ловзаран дерриг сурт. Хенаца кхолладелира сайн ловзаран хатӀ а.

Цул сов, тренераш билгалдоккхура Дасаевн ловзаран амалан васташ — когаш хьалха а долуш буьрка лаца кхоссавалар. Иза бахьнехь Ринат цӀа вина ца Ӏара емал ССРС хьакъ долу спортан говзанчо, Советийн Союзан гулйина командин кевнахочо, ткъа тӀаьхьа — советийн спортан журналистикин мэтрех цхьаъ волчу Маслаченко Владимира. Севетийн классикин кевнахойн ишколо кхиийна хиларе терра, Маслаченко Владимира чӀагӀдора, кевнахо декхарийлахь ву буьркан дуьхьала куьйгаш хьалха долуш кхоссавала, тӀелатахочунна когашка а иштта. Дасаевс, шен рогӀехь, билгаладоккхура, и прием ша лелайора когаца ша буьркана тӀе сиха кхочур волчу хенахь[5].

ШолгӀа зуда йалийна ву, йиъ йоӀ а, цхьа кӀант а ву. 1985 шарахь Дасаевс хьалха зуда йалош теш вара актёр Фатюшин Александр[4]. Хьалхара зуда — Гаас Нелли, гимнастка. Испане дӀаваханчул тӀаьхьа дӀасакъаьстира, зудчо дӀайиллира Сарагосехь гимнастикин ишкол, бераш а цига дӀадигира[6]. Йоккхаха йолу йоӀ Эльмира — исбаьхьаллин гимнастикехь Испанин чемпионка, жимаха йолчуьнан цӀе — Кристина[7].

ШолгӀа зуда йалийна ву, йиъ йоӀ а, цхьа кӀант а ву. 1985 шарахь Дасаевс хьалха зуда йалош теш вара актёр Фатюшин Александр[4]. Хьалхара зуда — Гаас Нелли, гимнастка. Испане дӀаваханчул тӀаьхьа дӀасакъаьстира, зудчо дӀайиллира Сарагосехь гимнастикин ишкол, бераш а цига дӀадигира[8]. Йоккхаха йолу йоӀ Эльмира — исбаьхьаллин гимнастикехь Испанин чемпионка, жимаха йолчуьнан цӀе — Кристина[9].

Испанехь 1994 шарахь дуьйна ваха волавелира меттигера йоьӀца Мария дель Марца (йалоран регистраци йина 2002 шарахь), иза йалийра хьалха динчу марен кӀентаца Мигельца. Церан ши йоӀ хилира Беатрис а, Али (04.09.2003) а, кӀант Салим (сентябрь 2006 шо) а.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]