Мухамед-Мирзаев, Хаваджи
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Мухамед-Мирзаев Хаваджи | |
---|---|
Вина терахь | 1910 |
Вина меттиг | Олхазар-КӀотар, Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1943 шеран 4 октябрь |
Кхелхина меттиг | Луговка, Черниговн область, Украинийн ССР, СССР |
Пачхьалкх | Российн импери → ССРС |
Эскаран тайпа | дошлой |
Дарж | мастер-сержант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Хаваджи (Хаважи) Мухамед-Мирзаев (Магомед-Мирзоев) (1910 шо, Олхазар-КӀотар, Теркан область, Российн импери — 1943 шеран 4 октябрь, Луговка, Черниговн область, Украинийн ССР, СССР) — Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, дошло, пулемётчик, гвардин лакхара сержант, Советски Союзан Турпалхо.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хаваджи Магомед-Мирзоев винера 1910 шарахь Олхазар-КӀотарехь къехон доьзаллехь. Цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин хьехархойн училище. Цул тӀаьхьа цо болх бира шен юртан школехь хьехархо а, директор а.
ТӀамтӀе вахара 1941 шеран сентябрехь. Иза вара Йуккъера фронтан 61-гӀа армин 7-гӀа дошлойн корпусан 16-гӀа гвардин дошлойн дивизин дошлойн полкехь 3-гӀа эскадронан взводан командиран гӀонча[1].
1943 шеран сентябрехь Хаваджи хьалхарчарна йукъахь Днепран аьтту бердан деха велира. Цо шен пулемётца берд мостагӀах цӀанйира. И бахьнехь цуьнан эскаран дакъа хих дехьа бовла аьтто хилира. Хаваджин кхо чов йира, амма иза йуха ца велира. Цо 144 фашист хӀаллаквира. И хуьнар бахьнехь 1944 шеран 15 январехь Хаваджи Магомед-Мирзоевн йелира Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачул тӀехь)[2].
Цуьнан виъ ваша вахара тӀамтӀе. Царех шиъ бен цӀа ца веара.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Адиз Кусаев. Отважен и горяч, но рассудка не теряет. Молодёжная смена. 2005 шеран 27 апрель. № 33 (236)
- ↑ Указ Президиума Верховного Совета СССР «О присвоении звания Героя Советского Союза генералам, офицерскому, сержантскому и рядовому составу Красной Армии» от 15 января 1944 года // Ведомости Верховного Совета Союза Советских Социалистических Республик : газета. — 1944. — 23 января (№ 4 (264)). — С. 1.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Богатеева О. Герои Северного Кавказа // Аргументы и факты : газета. — 4-15 мая 2012. — № 19. — С. 10. — ISSN 0204-0476.
- Герои Советского Союза — наши земляки // Партархив Чеч.-Инг. обкома КПСС [материал о 50 Героях Советского Союза, жизнь и работа которых связана с ЧИАССР].. — Грозный, 6 мая 1985.
- Зинченко О. В. Равнение на героев. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — С. 21.
- Исаев Э. А. Чеченцы на фронтах Великой Отечественной войны // Вестник АН ЧР : журнал. — 2006. — № 4. — С. 85-88.
- Индербиев М. Т. Фронтовая память: Документальная повесть. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1988. — С. 7.
- Лебедев П. Л. «Казбек» принимает бой. Художественно-документальная повесть. — Грозный: Книга, 1992. — С. 299.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мухамед-Мирзаев, Хаваджи . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- Хаваджи Магомед-Мирзоев(ТӀе цакхочу хьажорг)
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |