Чулацаман тӀегӀо

Оьрсийн—кавказхойн тӀом 1763–1864

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Оьрсийн—кавказхойн тӀом 1763–1864
Оьрсийн—кавказхойн тӀом. Суртдиллархо ву Рубо Франц
Терахь 1763–1864[1]
Меттиг Кавказ
Бахьна оьрсийн колониалан политик
ЖамӀ оьрсий тоьлла
МостагӀий

Нохчийчоь
ГӀебарта
ДегӀаста
Имамат

Российн импери

БӀаьччаш

Мансур # ☪
Биболат
ЧӀулг #
Дуда
Джанхот
Джамболт
ХӀовк # ☪
Шемал
ШоӀип
Ӏиса
Ташу
Махьма
Берзек
Кызбэч
Батуко #
ТӀалхиг
Джовтха
Ахьмад
БойсгӀар # ☪
Теопил
Эска
Хьоза
Хьоту
ГӀойтемир

Екатерина II
Павел I
Александр I
Николай I
Александр II
Булгаков С.
Гудович И.
Воронцов М.
Ермолов А.
Граббе П.
Барятинский А.
Клугенау
Слепцов Н.
Греков Н.
Лисаневич Д.
Пассек
Викторов В.
Пиери
Багратион П.
Ронжевский
Кривошеин
Смирнов Н.
Засс Г.
Лидерс А.
Эммануэль Г.
Попов М.
Багратион Г.
Вельяминов

Массон ницкъаш

1785–1791 шаршкахь 20 000,
1840–1859 шаршкахь 21 000[2]

1840–1859 шаршкахь 250 000

Белларш

хууш дац

500 000[3], йа 1801– 1864 шаршкахь[4]:
24947 белларш,
65125 лазийнарш,
6007 йийсар бинарш,
77000 хӀаллак бинарш[5]

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Оьрсийн—кавказхойн тӀом – 1763-чу шарахь болабелла 1864-чу шарахь дӀабирзина.

Доьхьарлера Кавказан имам — Мансур

1785-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чу дийнахь Мансур коьртахь волчу эскаро Каргински олуш йолу редут схьа а йоккхий, гоне лоцу ГӀизлар-гӀап.

Кхин а ши шо даьлча, Нохчийчохь эскар гулдан аьтто а ца болий, ГӀоба-хил дехьа воьду Мансур.

1791-чу шарахь аьхка, Анапа-гӀап йоккхуш, оьрсийн эскарша йисаре а лоций, Петарбухарчу Шлисселбург-гӀоьпехь дӀавалар нисло Шайх Мансуран[6]

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь 1825-чу шарахь, инарла Греков коьртехь а волуш, оьрсийн эскар кхоча Герзель-эвла.

Товбеца-беттан 12-чу дийнахь Таймин Биболатан эскаро гоне лоца Герзель.

Оццу шарахь Товбеца-беттан 16-чу дийнахь инарлаш Грековс а, Лисаневича а дийцаршка кхойкху цу тӀамехь дакъа лоцуш болу 318 нохчий а, ногӀий а. Тешна бехк а бой, уьш хӀаллак бан хьовсу уьш.

Уьчар-Хьаьжа

Иккхинчу тасадаларехь Майртуьпарчу Уьчар-Хьаьжа моллас воь инарла Греков. Ткъа Лисаневичана онда чов йо. Инарла Лисаневич ле цхьа кӀира даьлча. Оьрсийн салтташа, тоьпаш йеттий, воь 200 сов нохчий а, ногӀий а. Коьртачу декъана уьш хуьлу дешна нах[7].

ВаларгтӀера тӀом

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь 1840 шарахь инарло Галафеевс куьйгалла деш долчу эскарша Йоккха АтагӀа а, Чехкар-гӀала а, ГӀойтӀа а, Хьалха-Марта а, Гихта а ягош цаьрна юькъахь хуьлу оьрсийн вевзаш волу поэт поручик Лермонтов Михаил. Оццу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь ВаларгтӀехь нохчашца хиллачу тӀамехь дакъа лаьцна аьлла, цунна ло Владмиран цӀарах йолу орден. И тӀом чекхбаьлча язйо Лермонтов Михаила ше дика йевзаш йолу «Валерик» цӀе йолу байт[8].

ДаьргӀара тӀом

1845-чу шарахь Товбеца-баттахь хуьлу исторехь дукха чӀогӀа хьехаш йоцу, амма мехала йолу тӀеман операци. Имам Шемала кхоьллинчу Имаматан коьрта шахьар лоруш йолу ДаьргӀа схьаяккха сацам бо оьрсийн паччахьан Кавказехь долчу эскаран буьйранчо княза Воронцовс.

Инарлашна юкъахь, хеташ ма-хиллара, коьрта шахьара схьа а яьккхкина дӀабоьрзур бу моьтташ хилла Воронцовна иттаннаш шерашкахь схьабогӀуш болу Кавказера тӀом. Амма Воронцовн эскаршна го а бина, уьш охьаата долийна. Оьрсийн кхетта шаьш эшна хиларх. Хиина царна шайн гӀалат даьллий. Цул тӀаьхьа церан Ӏалашо ца хилла имам Шемил вохо. Пачхьалкх дӀаяккха еза боху ойланаш йита дезна церан. Дерриг а эскар хӀаллак а ца дойтуш, ах мукъане а кхелхьара муха доккхур дар-те аьлла, оцу хьолана тӀебаьхна хилла уьш.

И эскар доха-м дина, амма цхьана декъан къелхьара дала аьтто баьлла. Герзелехь резервехь дитина кхин а цхьа эскар хилла церан. Иза дуьхьала а деана, цхьа дакъа къелхьара даьлла. Масала, терахьашца дуьстича, 4000 сов стаг вийна а, чевнаш йина а хилла. Царна юкъахь инарла а хилла 168 эпсар а хилла[9].

1852-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь СемаӀашка-эвлан херцарш тӀехь оьрсаша юьлла Самашкинская олуш йолу станица.

Шемал ГӀунибехь 1859 шо

Товбеца-беттан 15-чу дийнахь 1859 шарахь оьрсийн эскарша ерриг а аьлча санна дӀалоца Нохчийчоь. ТӀемаш бар дехьа долу ДегӀаста, амма цигахь тӀом дукх ца лаьтта, Шемал оьрсийн Ӏедалан кара воьду.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Умар Темиров, академик Международной академии информатизации при ООН, руководитель отделения АМАН по КЧР, государственный советник РФ 1 класса.
  2. Рапорт ген.-адъют. Нейгардта ген.адъют. Чернышеву об управлении, введенном Шамилем в Чечне. 20 ноября 1843 г.
  3. Артем Кречетников – Замирение Кавказа": конец 60-летней войны. Би-би-си, Москва
  4. Г. Ф. Кривошеев. Россия и СССР в войнах XX в. Потери вооружённых сил. Олма-Пресс, 2001.: Вооружённые конфликты на Северном Кавказе (1920—2000 гг.). С. 568.
  5. Веденеев Д. 77 тысяч // Родина : российский исторический иллюстрированный журнал. — М., 1994. — № 3—4. — С. 123. Архивйина 2013  шеран  24 октябрехь.
  6. Шейх-Мансур // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  7. А. В. Потто. «Кавказская война». («Кавказская война в отдельных очерках, эпизодах, легендах и биографиях»), (в 5-ти томах). 1899 г. Том 2
  8. Далхан Хожаев. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Архивйина 2014-12-22 — Wayback Machine Издательство «СЕДА» 1998 ISBN 5-85973-012-8
  9. Ю. М. Эльмурзаев. «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]