Чулацаман тӀегӀо

Сорокин, Михаил Михайлович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сорокин Михаил Михайлович
Вина терахь 1946 шеран 22 июнь({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (78 шо)
Вина меттиг Темрюк, Краснодаран мохк, ССРС
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эскаран тайпа гӀашлой,танкийн эскарш, мотогӀашлойн эскарш,лаьттаневкъа эскарш
Дарж
БӀахойн дакъа 6-гӀа гв. шлмкхбр
Куьйгалхо бригадин, дивизин, эскаран политдакъа
ТӀемаш Шийла тӀом
СовгӀаташ
Сийлаллин орден ЦӀен Седан орден ССРС ТӀеман Ницкъашкахь Даймехкан гӀуллакхашна 3 тӀегӀанан орден
Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»
«ТӀемалойн сийлаллин» II тӀегӀан мидал (Дуьхьмин)
«ТӀеман доттагӀалла чӀагӀдарна» мидал (ССРС)
Дуьхьалонан министраллин 200 шо кхачарна мидал «Эскаран инарлин Маргеловн» мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидал
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал Сийнна а, майраллина а мидал (Кемеровн область)
Кхечу мехкийн
Беккер Артуран дешин мидал Беккер Артуран дешин мидал Беккер Артуран дешин мидал
Отставкехь Федерацин Кхеташонан декъахо
Берлин. Трептов-Парк. К. Науман, М. Сорокин, А. Дорофеев коше зезагаш дохкуш. 1982.
Берлин.М. Сорокин, Шавров, Иван Егорович а, А. Дорофеев а 6-гӀа гв. шлмкхбр урхаллин эпсаршца

Соро́кин Михаи́л Миха́йлович (вина 1946 шеран 22 июнехь, Краснадаран махкара Темрюкехь) — советийн, российн тӀеман хьаькам, тӀеман Ӏилманийн кандидат, инарла-лейтенант, 2001 шерера 2011 шо кхаччалц РФ Федерацин Кхеташонан декъахо.

Михаил Сорокин вина 1946 шеран 22 июнехь ССРС, Краснодаран махкара Темрюкехь, иссалгӀа бер дара овхӀочун доьзалехь. Бераллехь дуьйна лууш вара эскарехь гӀуллакх дан. 1964 шарахь чекхйаьккхира йуккъерачу ишколан 10 класс, деша хӀоьттира Бакохан лакхара йукъараэскаран баьччаллин Азербайджанан ССР Лакхара Кхеташонан цӀарах доьшийле, иза чекхйаьккхира 1968 шарахь тӀех дика а, дешин мидалца а[1], цул тӀаьхьа хьажийра Советийн эскаран Германера тобане, цигахь гӀуллакхехь вара тайп-тайпана политикин хӀоттаман даржашкахь.

1980 шарахь чекхйаьккхира ТӀеман-политикин В. И. Ленинан цӀарах академи.

Хилла полкан баьччин политикин декъан гӀовс, баьччин гӀовс, гвардийн ша йолу 6-гӀа мотокхийсархойн Берлинан Хмельницкий Богданан орденан бригадин политдекъан хьаькам Берлин Карлхорст, баьччин гӀовс, Гуьржийчуьра Ахалкалаки дивизин политдекъан хьаькам. 1987 – 1992 шерашкахь гӀуллакхехь вара Эрмалойчу хӀоттийначу гвардин 7-гӀа эскарехь баьччин гӀовсан даржехь, дакъа лецира Спитакехь мохкбегоран тӀаьхьало дӀайоккхуш.

1992 – 1996 шерашкахь гӀуллакхехь вара Костромин областан тӀеман комиссаран даржехь.

1996 - 2000 шерашкахь Сорокин Михаил — Москох гӀалин коьрта тӀеман комиссар.

Эскарера мукъа ваьлча политикин карьера йан волавелла. 2001 шарахь РФ Федералан Гуламан Аппаратан пачхьалкхан гӀуллакхан а, кадрийн урхаллин хьаькман гӀовсан даржехь вара.

2001 шеран ноябрехь хилира Новгородан областан Думин Федерацин Кхеташонан векал. Ву Промышленностан политикин комитета декъахо, Федерацин Кхеташонан болх дӀабахаран тергонан комиссин председателан гӀовс, РФ Чоьтан палатица йукъаметтигаш лелоран комиссин декъахо. 2011 шеран октябрехь чекхйевлла Федерацин Кхеташонан декъахочун йуьззина йолу бакъонаш. «Йукъара Росси» партин декъахо.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]