Улул-Ӏазм
Арахьара хатӀ
Ӯлул-Ӏазм (Ӏаьр. أولو العزم — «доьналлин дай») — уьш элчанех болу халонаш лайна собаран а, доьналлин а дай бу, Дала шаьш Къуръан чохь хьахийна: ﴾Собаре хила хьо элчанех болу доьналлин дай собаре ма-хиллара﴿ [Сурат аль-Ахькъаф, аят 35]. Уьш бу: Нухь а, ИбрахӀим а, Муса а, Ӏийса а, Мухьаммад а.