Ӏийса хих чекхваккхар
Арахьара хатӀ
Ӏийса хих чекхваккхар | |
---|---|
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ӏийса хих чекхваккхар- Инжил чохь дийцина хабаран а, Сийлахьчу Яхьяс Ӏийса аль Масих Йордан-хи чухул ваккхаран а сийнна керстанан дезаде ду. Хи чухула воккхучу хенахь, синоптикан Инжилш дийцарца, Дала стигалш дӀасаеллаялийтара. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара. (Маттай 17:5). Цу меттехь стигало кхайкхира: «Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»(М. 3:17). Ионнас дӀаязйинчу Инжилехь а дуьйцу Ӏийса Йордан-хи чухула чекхваккхар а, Деза Са доссар а. Амма ма-дарра ца яздо. Сийлахьчу Яхьяс динчу тоьшаллица дуьйцу.
Массо ширачу килсашкахь и дезаде Ӏийса дуьненчу валарца зӀе йолуш ду. Иза даздо кхолламан-беттан (январан) 6-чохь. Цхьа бакъду:
- руман-католикийн дӀахӀоьттинчу ламастаца Дела хих чекхваккхар доьзна ду Ӏийса дуьненчу валарца.
- цхьайолу юлианан рузма лелош йолу Ортодоксан килсаш, царна юкъехь Оьрсийн а, и де даздо кхолламан-беттан (январан) 19-чохь. Кхинйолу килсашкахь, царна юкъехь Константинополан килс а, Ӏийса Хих чекхваккхар даздо керлачу юлианан рузнамца кхолламан-беттан (январан) 6-чохь. Ортодокс-динехь «Дела Хих чекхваккхар» 12-чу уггаре деза долу деношан юкъадохуш ду.
- Эрмалойн Апостолийн килсехь и де лерина ду Ӏийсан Хих чекхваккхаран а, иза вина де дагалацаран а. «Ӏийса дуьненчу валар» цӀе ю цу дийнан.